Пт, 19 апреля, 22:47 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Общество » Поздравление Бай-Али Тевсиева с праздником Курбан-байрам

Поздравление Бай-Али Тевсиева с праздником Курбан-байрам

26.10.2012 10:26

Хьоме махкахой! Бусалба йижарий, вежарий!

Аллах1-Дала бахкийтинчу Пайхамашкахула девзина Г1урбанан денош т1екхечи вайна…Ибраьх1им Пайхамара (Дела реза хуьлда цунна) шен ийманаца, шен собарца Г1урбанан деношкахь гайтира вайна Аллах1-Далла (С.Т.) ша мел муьт1ахь ву. Замано 1ехийначарна, тароно хийциначарна, х1ара деза денош вайна вешан уллера а, генара а, цомгашниг, г1ийланиг, цхьалхаверг, буо бераш дагадахкийта, дахаран, заманан маь1на дан Аллах1-Дала (С.Т.) дахкийтина х1ара Г1урбанан денош…

Шо-шаренга мел дели вайн къоман ийман совдуьйлуш, мел даьккхина саг1а къобалдеш, Далла т1е боьду некъ диканашца, 1амалашца хазбеш, халкъан а, доьзалийн а ийман-барт ч1аг1беш, Дала къобалдойла вайн Г1урбанан саг1а.

Ларамца Нохчийн Республикан Куьйгалхочун динан декъехула волу хьехамча, Нохчийн Республикан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца йолчу з1енийн департаментан директор

Тевсиев Бай-1ела

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |