Вт, 23 апреля, 16:04 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Общество » Нохчийн меттан денца доьзна Соьлжа-Г1алин куьйгалхочун А. Динаевн декъалдар

Нохчийн меттан денца доьзна Соьлжа-Г1алин куьйгалхочун А. Динаевн декъалдар

25.04.2016 12:17

Хьоме махкахой! 25-чу апрелехь Нохчийн Республико билгалдоккху Нохчийн меттан деза де. Иза доккха бахьана ду литературина пропаганда яран а, кегийрхой оьздангаллин, патриотически дог-ойланехь кхетош-кхиоран а сийлахьчу г1уллакхна г1аролехь болчу дешан говзанчех дика дош ала. Билггал нохчийн меттан буха т1ехь кхоллаелла ю вайн халкъан синхьаштийн мехаллаш, оьздангаллин а, исторически а х1олламаш.

Уггар хьалха билгалдаккха лаьа, нохчийн меттан г1олацар а, иза шуьйрра юкъабалор а 1аламат ч1ог1а мехала г1уллакх хилар. Вай даима дагахь латто деза къоман оьздангаллин могашалла дуьххьалд1а ненан матто латтош хилар.

Нохчийн мотт кхиийта мел оьшу хьал кхоьллина Нохчийчохь республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Нохчийн Республикин хьалхарчу президента, Россин Турпалхо волу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ д1ахьош коьрта декхарех цхьаъ дар Ненан мотт 1алаш бар. Вайн республика куьйгалхочуьн т1едожорца х1оттийна а, д1ахьош а ю нохчийн мотт а, йоза а кхиорна лерина программа.

Кхидолу меттанаш 1аморехь нуьцкъала г1ирс хилла д1а а х1оьттина нохчийн мотт. Иза мел хаза буьйцу наноша шайн берашка, цуьнца хестайо дуьненан исбаьхьалла. Делахь-х1ета, кху дезчу дийно вай декхарийлахь до ненан меттан ц1еналлин г1олацаран декъехь вешан берриг ницкъаш кхит1е алсамбаха.

Тешна ву, вайх х1ора а къоман мотт лара а, бийца хаа а долу декхар к1орггера девзаш хила везарх. Х1унда аьлча, цо елла вайн Даймахкана ц1е, билггал цо 1амийна вайн къоман юкъара, коьрта бахам алсамбаккха аьтто беш долчу республикерчу дерриг меттанийн ларам бан а, г1олаца а.

Суна сайн ц1арах а, Соьлжа-Г1алийн депутатийн кхеташонан ц1арах а уггаре хьалха Нохчийн меттан дезчу денца декъала ва лаьа Нохчийн республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, иштта дерриге Нохчийн къам а! Даггара лаьа шун могашалла, машар, барт, цхьаалла хуьлийла а, нана-Нохчийчоьно зазадоккхийла а.

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |