Вт, 30 апреля, 02:13 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Общество » Кадыров Рамзана — Москвахь маьждиг дарна дуьхьал болчаьрга: Кара автоматаш а эций, Донбассехь ларде оьрсийн латта

Кадыров Рамзана — Москвахь маьждиг дарна дуьхьал болчаьрга: Кара автоматаш а эций, Донбассехь ларде оьрсийн латта

04.04.2023 16:42

Москвахь маьждиг ма де бохуш, митинге арабевлла хиллачеран хьокъехь дӀахьедар дина Кадыров Рамзана.

Цуьнан дакъалацархой кӀиллой а, питанчаш а хиларна тӀе тидам а бахийтина цо.

Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, нагахь оцу митинган дакъалацархой сица а, дагца а оьрсийн латта лардан арабевлла белахь, цара, кара автоматаш а эцна, Донбассехь лардан дезаш ду тахана оьрсийн латта.

«Шайна Даймохк безаш хилар гӀуллакхца гайта, къамелаш деш а, питанаш даржош а ца лаьтташ«, — йаздина Кадыров Рамзана.

Цул сов, оцу митинган вовшахтохархой а, дакъалацархой а малхбузенан Ӏалашонаш кхочушйеш хиларх а тешна ву иза.

«Хууш йа ца хууш — башхалла йац. Иза питана ду! Йа оцу питанчашна мобилизаци йан йеза, йа, шайтӀаналлин Ӏалашонаш кхочушйеш болу хаамийн зуламхой бу аьлла, кхиэл йан йеза царна«, — тӀетоьхна республикин Мехк-Дас.

Уьш кӀиллой а, питанчаш а хилар билгал а доккхуш дерзийна цо шен дӀахьедар.

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |