Мир
Трамп заявил об отмене некоторых санкций против российской нефти
USD 79,1500 EUR 91,8391
Мир
Трамп заявил об отмене некоторых санкций против российской нефти
Россия
Венера станет первой планетой, которую начнет осваивать Россия
СКФО
Росгвардеец из Чечни стал победителем чемпионата СКФО по кикбоксингу
Блоги
В Госдуме отреагировали на рождественское обращение Зеленского с пожеланием смерти
Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Хlутосург (май) баттахь болх бан йолалур ю Москва-Майкоп-Кисловодск-Соьлжа-Гlала-Хlинжа-Гlала туристически цlерпошт
10.04.2021 10:01
Нохчийн Республикин туризмехула йолчу министерствон а, ООО "РЖД тур"-н а хиллачу бартаца кестта дlайолалур ю туристически цlерпошт. Туризмехула волчу министра Байтазиев Муслима бечу хаамца, цlерпошт дlагlур ю хlора шоьтан дийнахь, Москва-Майкоп-Кисловодск-Соьлжа-Гlала-Хlинжа-Гlала маршрутаца.
Дуьххьара цуьнан новкъаялар 2021-чу шеран хlутосург баттахь хир ду.
"Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана туризмана еш йолу терго бахьанехь, вайн махка богlучу туристийн терахь, шо-шаре даларца, алсамдолуш ду. Цхьа а шеко йоцуш, "Нохчийн Республика" боху дешнийн цхьаьнакхетар, хlинцале а, бренд хилла схьадогlуш ду", - билгалдаьккхира М.Байтазиевс.Дагадаийта деза, дукха хан йоццуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Къилбаседа Кавказан аьчканекъийн (СКЖД) хьаькама Задорин Сергейс а шайн хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира аьчканекъан дакъа кхиорехула долу гlуллакхаш.
СКЖД-н хьаькама хаийтира Соьлжа-Гlалахь керла аьчканекъан вокзал ярехь кхочушъян йолийначу проектана ша резахилар. Цо дийцарехь и гlуллакх массо а стандартащца нийса а догуш д1ахьош ду.
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.
Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter
Поделиться: