Ср, 01 декабря, 16:13 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Банкуров Исмаьlал: Суьйранна марха дастар санна деза ду lуьйкъанна марха лацар а

Банкуров Исмаьlал: Суьйранна марха дастар санна деза ду lуьйкъанна марха лацар а

21.04.2021 09:52

Дала баийтинчу безачу Рамадан баттахь массо а бусалба стагана деза ду, дийнахь марха кхобуш дукха ницкъ ца хилийта, lуьйр-ламазан хан хилале яа хlума яар.

Хаамийн "Грозный-информ" агентствон корреспондентана марха лацале яа хlума нийса яаран бакъонех лаьцна дийцира.

Нохчийн Республикин Администрацин а, Правительствон а Куьйгалхочун, динан а, юкъараллин организацешца йолчу юкъаметтигийн департаментан коьртачу эксперта Банкуров Исмаьlала.

"Марха лоцуш а, достуш а хlума яар Далла lамалъярехь чlогlа деза а, мехала а ду. Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуккха а дийцина цунах лаьцна. Иштта, цхьана хьадисехь цо аьлла:"Са тасале хlума яалаш мархийн баттахь! Баккъал а, марха лацарехь доккха беркат ду шуна!". Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) даима а дуьйцура шен асхьабашка оцу гlуллакхан дозаллех, беркатах лаьцна. Кхин хlумма а яа дог дацахь, xих кlурд бина а юучух кхетар деза лерина цо. Буьйда я якъийна хурма яар, шура я хи малар суннат хилар билгал а даьккхинa. Вайн заманахьлера лоьраш а тlетовш бу lуьйранна хlума яа езаш хиларна а, иштта, пайдехь кхача баар коьрта хиларна а. Бакъду уггаре а пайдехь дерг дукха ерстина а, кlон а юург цаяар ду.

Марха лоцучо лардо юучун доза, цундела иза кхаба атта хуьлу цунна".

Цул сов, И.Банкуровс билгалдаьккхира lуьйкъанна марха лаца хьалагlаьттинчун, дезачех долу Тажахlуд ламаз дан а, lуьйр- ламазан хан хилале, Деле доlа дан а, хьаставала а таро хирг хилар. И хан къаьсттина билгалъяьккхина ю Ислам динехь.

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |