Чт, 25 апреля, 07:57 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Дадаев Сайд-Хьасан: Шуьйрачу хаамийн гlирсашкахь нохчийн меттан орфографин бакъонаш ларъяр чlогlа ладаме гlуллакх ду (+видео)

Дадаев Сайд-Хьасан: Шуьйрачу хаамийн гlирсашкахь нохчийн меттан орфографин бакъонаш ларъяр чlогlа ладаме гlуллакх ду (+видео)

25.05.2021 12:15

Шуьйрачу хаамийн гlирсашкахь нохчийн меттан бакъонаш ларъярехь терго латторан комиссино 2020-2021-чуй шерашкахь дlабаьхьначу балхах лаьцна Хаамийн "Грозный-информ" агентствон корреспондентана дийцира оцу комиссин куьгалхочо Дадаев Сайд-Хьасана.

"Тхан комисси болх беш йолу 6 шо ду. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан указаца кхоьллина а ю иза. Цу юкъахь болх беш lилманан тоьлла белхахой, а, журналисташ а бу. Цара хlора дийнахь нисдеш ду телевиденин а, радион а, зорбанан а, интернетан а изданешкахь дохуш долу гlалаташ.

Царах цхьадерш оьрсийн маттера нохчийн матте тексташ гочъярехь доху корреспондентaша, нохчийн дешан метта оьрсийн дешнаш яздар бахьана долуш. Ненан маттахь иштта дош хезна цахиларна хила там а бу иза.

Хlора баттахь тхаьш бинчу белхан отчёт йо оха. Оцу кепара довлучу гlалаташна тlе тидам а бохуьйтуш, уьш билгалдахар бахьана долуш, дикачу жамlашка кхача там бу вай.

Цул сов, Нохчийн меттан орфографин нийсаяздаран дошам арайоккхуш боккха болх а бина оха. Иза 10 томах лаьтташ ю.

Вайна юкъара цхьаболчара диалекташ лелайо. Шаьш къамел ма-дарра дlа а язйо. Уьш къезиг а бац, амма, массара а вай литературин маттахь яздан деза йоза".

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |