Вс, 26 июня, 17:04 Пишите нам

* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Шина законехь — мехала хийцамаш

Шина законехь — мехала хийцамаш

06.01.2022 10:09

«Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законехь а, «Административни бакъонаш талхоран хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законехь а хийцамаш баран хьокъехь Закон.

ТIеэцна Нохчийн Республикин Парламенто 2021-чу шеран хIутосург (май) беттан 27-чу дийнахь

1-ра статья.

«Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу 2007-чу шеран оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахьлерчу №16–РЗ йолчу («Вести республики» газет, 2007, хIутосурган (май) 15-гIа де; 2013, кхолламан (январь) 11-гIа де, 2016, чиллин (февраль) 10-гIа де; 2020, бекарган (март) 1-ра де) Нохчийн Республикин Законна хIара хийцамаш йукъабалон:

1) 5-чу статьяхь:

а) «Пачхьалкхан программаш» дешнашна тIаьхьа йолу цIе «кхидолу гIуллакхаш» дешнашца тIейуза;

б) «нохчийн меттан» дешнел тIаьхьара 3-гIа дакъа «цу йукъахь нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» дешнашца тIедуза;

в) хIара чулацам болчу 31 декъаца тIедуза: «31. йукъарчу, корматаллин, кхитIе а долчу дешарна тIехь урхалла дечу Нохчийн Республикин кхочушдаран Iедалан урхалла даран органо вовшахтуху нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонаш ларйаран лехамаш кхочушбаран декъехь цхьааллин тIедахар»;

2) 22-гIа статья хIокху редакцехь дIайазйан: «22-гIа статья. Нохчийн Республикин меттанийн хьокъехь» законодательство талхорна долу жоьпалла. Нохчийн Республикин меттанийн хьокъехь законодательство талхорна жоьпалла тIедужу Россин Федерацин законодательствоца а, Нохчийн Республикин законодательствоца а нийса а догIуш».

2-гIа статья.

«Административни бакъонаш талхоран хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин 2008-чу шеран хIутосург (май) беттан 8-чу дийнахьлерчу №17–РЗ йолчу Законна («Вести республики» газет, 2008, хIутосурган (май) 21-гIа де; мангалан (июль) 29-гIа де; 2009, чиллин (февраль) 20-гIа де; хьаьттан (август) 20-гIа де; 2011, эсаран (октябрь) 7-гIа де, гIуран (декабрь) 16-гIа де; 2012, мангалан (июль) 19-гIа де; 2013, кхолламан (январь) 11-гIа де; 2014, кхолламан (январь) 16-гIа де; 2015, асаран (июнь) 18-гIа де, лахьанан (ноябрь) 10-гIа де; 2017, мангалан (июль) 12-гIа де, лахьанан (ноябрь) 18-гIа де, гIуран (декабрь) 30-гIа де; 2018, асаран (июнь) 27-гIа де; 2020, хIутосурган (май) 30-гIа де, мангалан (июль) 25-гIа де, эсаран (октябрь) 3-гIа де, гIуран (декабрь) 19-гIа де) хIара хийцамаш йукъабалон:

1) 5-гIа корта тIебуза хIара чулацам болчу 162 статьяца. 162. Нохчийн Республикин пачхьалкхан маттах пайдаэцарехь нийсайаздаран бакъонаш талхор. Рекламийн а, хаамийн а дIаухкурш, некъийн а, адресийн а гойтургаш, некъийн а, адресийн а атрибутика, документийн официальни бланкаш кечйарехь а, йазйарехь а Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт болчу нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонийн лехамаш лар ца баро тIедаладо даржашкарчу нахана а, шаьш болчу предпринимательшна а цхьа эзарнера ши эзар соьме кхаччалц административни гIуда тохарна, юридически нахана – кхаа эзарнера пхи эзар соьме кхаччалц;

2) 34-гIа статья, «11–16» терахьел тIаьхьа «162» терахьца тIейуза; 3) 37-чу статьян 1-ра дакъа хIара чулацам болчу 15-чу пунктаца тIедуза: «15) Йукъарчу, корматаллин, кхитIе а долчу дешаран декъехь пачхьалкхан урхалла деш йолчу Нохчийн Республикин кхочушдаран Iедалан векал йинчу органан даржашкарчу нах а. 162 статьяхь билгалйаьхна административни бакъонаш талхоран хьокъехь».

3-гIа статья.

ХIара Закон ницкъе доьрзу 2022-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна.

Источник: газета "Даймохк"

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий

Комментарии

Страница: 1 |