Чт, 05 декабря, 02:27 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Итон-Кхаьллан кIошт кхиорна – леррина терго

Итон-Кхаьллан кIошт кхиорна – леррина терго

22.01.2022 23:58

«Вайн мохк кхиоран хьалхара некъ – лаьмнийн кIошташ кхиорна къаьсттина терго йар ду, – аьлла, билгалдаьккхинера хIинцачул пхи-йалх шо хьалха Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. – ХIара башха мохк, дуккха а заманахь тидамза, дIатесна, хIаллакьхиларан йисте кхаьчна лаьттина. ХIинца кху лаьмнийн йарташкахь – Шуьйтахь, Шарахь, Итон-Кхаьллахь схьайиллина школаш, берийн бошмаш, далийна хиш, газ, ток, дехкина некъаш, техкина тIайш. Кхуьуш бу ахархойн-фермерийн бахамаш, жима а, йуккъера а бизнес»…

Республикин Куьйгалхочун дIахьедар – лаьмнийн кIошташ кхиорна къаьсттина терго йар – иштта хирг хиларан шеко йацахь а, иза атта гIуллакх доцийла хаарна, ойланаш йойтура.

Амма, хIора а шарахь, лаьмнийн кIошташкахь хуьлучу хийцамаша тешаво республика кхиоран некъ Нохчийн Республикин лаьмнийн кIоштийн хьал тодарна тIера дIаболалуш хиларх. Цунах лаьцна дара Итон-Кхаьллан кIоштан администрацин куьйгалхочуьнца Бурсагов ИбрахIимца хилла тхан къамел.

Кху тIаьхьарчу 15 шарахь республикин коьртачу шахьаран мэрехь болх бина, муниципалитетан белхан алссам зеделларг долу Iабдулхьамидан ИбрахIим лаьмнийн кIоштан куьйгалле нисвалар рицкъанан болх хиларан шеко-м йац, делахь а, меттигера хьал дика девзачу 10-чу секторан куратора, республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима беллачу тешамна республикин Куьйгалхочо жоп даларан бахьана а хилира.

Хууш ду, тIевеанарг бухарчеран лерринчу тергонехь хилар. Хьалхарчу дийнахь дуьйна а, олуш ма-хиллара, архаш шен каралаьцна ИбрахIим, кIоштан йерриге а йарташкахула чекхвелира… Цхьаьнакхийтира цигарчу бахархошца, бевзира меттигера бахархой, къаной, белхахой, девзира церан Iердахаран хьелаш. Хуьлда и Хьачарахь, ГутIехь, Зумсахь, ЧIаьнтахь, ЧIинхахь, кхийолчу муьлххачу а йуьртахь, ша тIевеанчу бахархошца бийца мотт, куьг лоцуш, йа маракхеташ, хIоттон гIиллакх долуш волчу ИбрахIимах бIаьрг буьзира нехан.

Адамийн бIаьрг бузар-бадар кIезиг доцийла хаарна дара сан дуьххьарлера хаттар: – ИбрахIим, мичахь вина, муьлхачу доьзалехь кхиъна хьо, мичахь дешна ахь? Къоман гIиллакх-оьздангаллин муьлха «университет» чекхйаьккхина ахь?

– Со вина, кхиъна йуьртарчу хьехархойн доьзалехь, Шуьйтан кIоштан Вашандара йуьртахь. Цигахь чекхйаьккхина йуккъера школа а. Тхан ден (Дала декъалвойла иза а, вайн дIакхелхинарш берриге а) дешаран декъехь болх бина, 55 шеран стаж йара. ТIаьхьарчу 35 шарахь школехь нохчийн мотт хьоьхуш вара иза. Уггаре а жиманиг со а волуш, тхо 12 доьзалхо вара цуьнан.

– Шеко яц, ИбрахIим, хьан бераллин «университет» мисхал а галйала таро йоцучу, къоман интеллигенцин векалера схьахилла хиларан!

– Ас школа чекхйаьккхинарг, вайн махкахь дуьненна а бевза хилам хилла – «Олимпийски» 1980-гIа шо дара. Цу шарахь вайн университетан экономикин факультете деша а вахара со, вуьшта, цу шарахь «экономист-м» ца хилира сох, амма, шолгIачу шарахь, йуха а вайн университетан физикин-математикин факультете деша вахара со, иза а, цул тIаьхьа индустриальни факультет а чекхйаьккхира. Ала деза, юриспруденцига безам бара сан даима а, цундела юридически факультет чекхйаккха а ларийра со.

– ИбрахIим, школа чекхйаьккхичахьана а студент хилла хьо, болх бан муха ларавора? Белхаш мичахь бина ахь? Белхан зеделларг мичахь гулдина ахь?

– Iуьйранна деша а воьдуш, сарахь цIа а вогIуш «доьшуш» волу студент ца хилла со цкъа а. Iуьйранна балха а воьдуш, сарахь цIа а вогIуш, наб кIезиг йеш, мукъа хан йан а йоцуш дешна ас. Цундела ларавора со дика деша а, балха тIехь, ахь ма-аллара, зеделларг гулдан а. Йуккъера школа чекхйаьккхинчу шарахь лакхарчу классашкахь математика хьеха волавелира со, оцу «нийсачу» Iилманца бераллехь дуьйна а уллера гергарло хиларна, хала гIуллакх дацара суна иза, цундела хьехархочун балхаца цхьаьна тренеран болх бан а ларавора. 2000-чу шарахь йолаелира сан белхан корматаллин керла агIо. Нохчийчохь бехачу гражданийн конституционни бакъонаш ларйечу Россин Президентан Урхаллин лерринчу векалан заместителан болх бира ас 2007-гIа шо тIедаллалц. Цул тIаьхьа, пхеа шарахь, 2012-гIа шо кхаччалц, Соьлжа-ГIалин мэрехь, гIалин гIишлошна, хIусамашна чот лелоран а, дIасайекъаран а отделан куьйгалхо волуш къахьийгира. 2013-чу шарахь сох тешийра республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствон хьалхарчу заместителан дарж, ткъа 2015-чу шарахь дуьйна, йуха а гIалин мэран хьалхара заместитель волу со, паччахьан омранца, 2021-чу шеран эсаран баттахь Итон-Кхаьллан кIоштан администрацин куьйгалхочун балха хьажийра. Ала деза, муьлхха болх а, дарж а Куьйгалло сайх тешор, сан хааршна, белхан зеделлачунна тешам балар ду аьлла хета суна. Бакъдерг аьлча, цунах тоам бина ца Iийна со цкъа а. ХIинца а керла законаш толлуш, церан чулацам бовзарна тIехь къахьоьгуш, кIиранах масех буьйса йойъу ас. МогIарера «чиновник» санна, стоьла тIе Конституцин, Законийн тептарш дехкина Iар ца деза суна, уьш девзаш, царах пайдаоьцуш, уьш бахархойн хьашташна дерзош хила веза куьйгалхо, цунах тешна ву со.

– Лаьмнийн кIоштан администрацин куьйгалхо хилар муха гIуллакх ду? ХIун даделла хьоьга кху йоццачу хенахь? Хьо реза волуш хIумма а дуй цу йуккъехь?

– Ас хIинццалц бинчу белхашка ладоьгIча, шен башхалла йолуш болх бу лаьмнийн кIоштан куьйгалхо хилар: кху лаьмнийн бахархойн Iер-дахаран хьашташ довзар, уьш кхочушдан некъ лахар, ламанхойн дахар аттачу даккха къахьегар – паччахьо тIедиллина декхар ду, иза сан белхан коьрта Iалашо ю. Вуьшта, муьлхха болх а адамашца а, адамийн дуьхьа а беш бу. Шаьш дина, деха меттиг санна, къовламе, эхье, хабар кIезиг дуьйцуш, дукха хьолахь, амална партала адамаш деха кхузахь. ХIора а йуьртахь сайн хиллачу цхьаьнакхетаршкахь суна зеделла, мел ледара аьтто болуш вахархо велахь а, шен дерг хьалха ца доккхуш, шен лулахочун хьолах дерг цо олуш хилар. Масала, Хьачарахь, Гучум-Кхаьллахь, Зумсахь, БугIарахь бахархошца сан хиллачу цхьаьнакхетаршкахь, шайн йуьртахь терго йан йеза тIехь да воцу доьзал, ваша воцу йиша, чохь заьIапхо волу доьзал билгалбаьккхира йуьртахоша. Иза баккъал а гIо-накъосталла оьшу гIуллакх дара – вайн масех йурт йу газ йоцуш. Iаьнан йагориг Iалашйар хала гIуллакх ду кхузахь, аьтто боцучу доьзалшна хIетте а. Кху тIаьхьарчу хенахь, «Сан цIа – сан гIап» бохуш дехаш долчу вайна, лулахочун, йуьртахочун хьал девзаш хилар вайн дайх дисинчу хазачу гIиллакхах а, адамаллех а ду. Со-суо а ву лаьмнашкахь вина а, кхиъна а, суна а товш йу адамийн иштта амал. Тхо вовшашна реза хирг хиларан шеко йац сан. Кху кхаа баттахь даккхий гIуллакхаш ца динехь а, дан дагалаьцнарш алссам ду. Масала, кхо шо дара Iаьнан йуккъерчу баттахь цIенош даьгна, Хьелдара Исаев Хьумидан доьзал нехан чохь бисина. Делан къинхетамца, вайн Мехканана, лараме Аймани орцахйаларна, шайна керла хIусам йан оьшу гIирс нисбина царна. Социальни догазификацин проектехула вайн кIоштарчу 15 доьзалан цIеношка газ тасаран гIуллакх тIаьхьа-хьалха даьлла, кхин 9 доьзалан документаш чекхдовларан йисте кхаьчна. Вуьшта, со воккхавеш цхьа гIуллакх чекхдаьлла – кIоштан администрацин уьйтахь, вайн республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна, вайн халкъан вуьззинчу къонахчунна, (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина Сийлаллин хIоллам хIоттийна оха. Цу хIолламна тIехь йу Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь шайн синош ца кхоийначу вайн кIоштарчу турпалхойн цIераш а. Тахана вайгара паргIато, машар Ахьмад-Хьаьжин беркат дуйла хаарна, иза вайн тIахьенна довзийта, диц ца далийта Iалашо йолуш дина гIуллакх ду иза. Гуш ма-хиллара, дан дезачуьнга хьаьжча, динарг кIезиг ду.

– КIоштан экономика кхион, инвестицеш йукъаозо хIун таронаш йу вайн?

– Цхьа кIеззиг зама хьалха, баккъал а лаьмнашкахь, тIулгаш доцург хIун хир йу аьлла, хетар дара. Бакъду, вайн паччахьан беркат массанхьа кхочуш а, дебаш а ду, цуьнан беркатца, дуьненна йевза Берригмуьрийн «Ведучи» курорт Хьачаран лаьмнашкахь схьайелларан тешаш ду-кх вай. Кху тIаьххьарчу 20-х шарахь, Итон-Кхаьллан деган йуккъехь ала мегар долуш, туп тоьхна лаьтташ йара Ханна йолу отдел. Вайн Куьйгалхо орцахвалар бахьана долуш, иза цигара кхечанхьа дIайоккхур йолуш, и латта мукъадер долуш ду. Цигахь хир болу хийцамаш бевзаш бу хIинцале. Вайна ма-хаъара, вайн кIоштахь, гIишлошйархоша «МКД – (дукхапетарш йолу цIа)» олу цунах, масех гIат долу цхьа а цIа дац. Оцу лаьтта тIехь иштта цIа а, 240 дешархочунна школа а, 180 берана берийн беш а йийр йолуш бина барт бу вайн махкахо а, дика накъост а волчу инвесторца. Итон-Кхаьллан йуьртарчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу урамехь Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан йукъараллин фондан харжах йан йолийна цуьнан цIарах стадион а йу. Иза цхьа могIарера стадион хир йолуш йац, спортсменаш тIедуза кхачам боллуш аьттонаш болу меттиг хир йу цунах. Стадионца цхьаьна йеш йу кечамбаран база а. Муьлххачу а регионера спортсменаш тIелаца а, царна шайн хаарш кхион оьшург дерриге а хир долуш инвестпроект йу иза.

– Белхазалла лахйар вайн Iедалан уггаре а мехалчу декхарех цхьаъ ду. Масала, даьхнилелорна аьтто болуш йу вайн кIошт. Оцу декъехь дан лерина хIумма а дуй?

– Вайн кIоштахь болх бан йолалуш йолу хIора а инвестпроект белхан меттигаш хила аьттонаш кхуллуш ю. Даьхнилелорна аьттонаш белахь а, лаьттан шорто кIезиг йу лаьмнийн кIоштахь. Ала деза, кху деношкахь оха дакъалаьцна вайн кIоштана башха гIуллакх хир долчу масех инвестпроектана лерина меттигаш билгалйахарехь, хьовха, лаьттан документаш нисдарехь. Оцу инвестпроектех цхьаъ 300 миллион сом йукъадилла таро йолу даьхнилелоран комплекс схьайелларна лерина йу. Кху деношкахь со хьоьжуш ву вайн кIоштахь цIокарчашна дабагIа дан жима завод йуьллур йолчу Италерчу говзанчашца цхьаьна богIур болчу инвесторшка. Иштта дIадодахь, вешан тIаьрсикан кетарш йолуш вай хила а дукха хан ца йисна!

– ИбрахIим, бахархойн Iер-дахаран аьтто хилар кIезиг дац таханлерчу заманахь. Берашка дешийта йа балха баха аьттонна олий, вайн бахархой гIала йа кхечу меттигашка дIабахар нисло. И гIуллакх тидаме эцна а, оцу декъехь дан лерина хIун ду вайн?

– Вайн кIошт мел жима йелахь а, бахархойн барамца боху ас, йаккхийчу кIошташкахь боллу аьттонаш оьшу меттигерчу бахархошна. Иза – дуьххьара бер Iуналлехь хир долу берийн беш йу, шолгIа – вайзаманан хаарш дала таронаш йолу школа йу, кхоалгIа – цомгашчунна дарба дан лоьраш болуш больница а, маьрша дIасаваха некъ а бу оьшург. Дахаран уггаре а кIезиг дерг схьаэцча а бохург ду сан иза. Шуьйтан коьртачу больницин ФАП лору вайн больница, кIезиг таронаш йолуш йу. Бакъдерг аьлча, вайн хьашташ девзинчу республикин могашалла Iалашйаран министран Байсултанов Идрисан тIедилларца, буьйсанна болх бийр болуш терапевт а, цхьа медйиша а хир йу вайн. Хан йелахь а, йацахь а Шуьйта даха ца дезаш, вайн кIоштахь дарба дан лор хилар боккха кхиам бу. Цул сов, со дог тешна ву Хасин Идрисан а, Правительствон Председателан Хучиев Муслиман а гIо-накъосталлица, вайн кIоштан больница хирг хиларх. Кхин цхьаъ а, кхочушдан тIаьхьататта таро йоцуш коьрта гIуллакх ду кIоштахь – кадраш, болх бан дешна нах оьшу вайна. Оцу гIуллакхан цхьацца хьежамаш бу тхан. Масала, хьокху суна хьалха Iуьллучу тептара тIехь цхьа эзар сов дозанхой ву вайн кIоштана чуйогIучу погранзаставашкахь. Тоъал берийн бешахь а, школехь а меттигаш йоцуш, шайн доьзалш схьабало аьттонаш боцуш хьал ду цаьргахь. Амма вайн берийн бошмашкахь а, школашкахь а царна и меттигаш хилча, цу меттигашкахь болх бан говзанчаш бу церан – лаккхара дешар дешна йуьхьанцарчу классийн 7 хьехархо, иштта бу историн, информатикин, меттан хьехархой, лаккхарчу дешаран говзалла йолу 30 сов хьехархо ву цигахь. Иштта бу лоьраш, медйижарий, кхечу говзаллийн белхахой. Дозанан урхаллин куьйгаллица барт бина оха, хIокху шеран товбецан (сентябрь) бутт тIекхачале, дозанхойн хIусамнаной а, доьзалш а цара схьабалор болуш, ткъа бераш вайн школашка а, берийн бошмашка а дIасадига аьттонна урхалло автобусаш оьцур йолуш.

– Дала аьтто бойла шун, ИбрахIим! Керлачу шарахь муьлхачу хийцамашка дог доху аш?

– Дела реза хуьлда! Муьлххачу а стага санна, Керлачу шарахь дикачу хийцамашка – токхечу дахаре, маьршачу стигале, хIара ун-бала дIаберзаре, вайн бераш ирсе хиларе, тхан дозалла дан таро йолуш ийманехь уьш кхиаре дог доху оха. Вуьшта, вайн паччахьан куьйгаллица къахьега а, кхиамашка кхача а, собарца, адамаллица, гIиллакх-оьздангаллица даха а Iама дезаш дац вай. Дала мукъ лахь, и хьал-бахам вайн бахархошкахь болуш бу! Дала аьтто бойла вайн массеран а!

Интервью дIайаьхьнарг – Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Т.АЛИЕВА

Источник: газета "Даймохк"

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |