Ср, 24 апреля, 10:48 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Доьзалан кхерч ларбар

Доьзалан кхерч ларбар

20.02.2022 15:49

2022-гIа шо долалуш Нохчийн Республикехь цхьаьнатоьхнарг 2 097 доьзал бу. Оцу хьокъехь хаам бо Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, йукъараллин а организацешца зIенаш латторан департаменто.

Фото с сайта: daymohk-gazet.ru

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, 2017-чу шеран мангалан (июль) беттан 4-чу дийнахь дуьйна доьзалан институт кхиоран а, чIагIйаран а, вайн къоман доьзалийн мехаллаш ларйаран а Iалашонца зударий балоран а, доьзалш кхолларан а йукъаметтигаш дIанисйарехь боккха болх бина. Оцу балхана лерина дIайаьхьна 17 989 мероприяти.

Билгалбаьккхина дIасакъаьстина 5 000 доьзал. Царах 2 097 доьзал вовшахтоьхна. Йукъара лерича, вовшахтоьхначу доьзалийн 4 391 бер ду. Вовшахкхета ца лууш бу 1 775 доьзал; динан бехкамаш бахьана долуш, вовшахкхета йиш йоцуш бу 790 доьзал.

ДIасакъаьстинчу доьзалшкахь 5 142 жима бер ду. Царах шайн деца Iаш – 3 508 бер ду, ткъа ненаца – 1 634 бер ду.

Вовшахкъаьстина доьзалш цхьаьнатохаран а, доьзалан кхерч ларбаран а балхана Iуналла деш йу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, йукъараллин а организацешца зIенаш латторан йолу департамент.

Республикин хIора а кIоштахь кхоьллина, шайна йукъахь меттигера куьпахо а, префект а, кIоштийн къеданаш а болу комиссеш. Цара леррина дIахьо дIасакъаьстинчу доьзалшца кхетош-кхиоран болх.

А.АНЗОРОВ

Источник: газета "Даймохк"

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |