Чт, 05 декабря, 03:02 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » "ДАЙМОХК" ХАЛКЪАН ТЕПТАР ДУ

"ДАЙМОХК" ХАЛКЪАН ТЕПТАР ДУ

23.04.2022 12:10

Оха, схьахетарехь, пхоьалгӀачу йа йалхалгӀачу классехь доьшуш долчу хенахь ду-кх иза. Тхайн Дена (Дала декъалвойла иза) суьйранна балхара чувеача ламаз эца гӀирс охьахӀоттош Ӏедал дара сан. Учахь ламаз оьцуш воллучу цунна тӀехӀоьттина, «Дада, хьажахь, кху «Ленинан некъ» газета тӀехь йаздинчуьнга! Вайн махкахь кху кӀиранах некъан бохамехь оццул стаг лазийна, оццул вийна аьлла йаздина ма-ду!» – элира цуьнга.

Дадас: «Гой хьуна, газет дешча хIума хаьа хьуна. Деша ахь. Бакъ доьшу, доьшуш хила хьо. Тхан ца хилла и аьтто. Деша лууш волчунна газет а, книга а карор йу»,– аьлла, дог-ойла ир-кара хӀоттийра сан.

80-чу шерашкахь, тхан бераллин заманахь, адам машенах далар хӀинца санна цхьа могӀарера доцуш, чӀогӀа тамашийна, боккха бохам лоруш, наггахь хуьлуш дара. Иштта, делкъа хан хуьлуш вилспет хохкий газетийн а, журналийн а цӀов бохьуш вогӀучу почтальона деанчу царна йукъара нохчийн маттахь долу «Ленинан некъ» газет гергара хетта, иза сайн дахарехь дуьххьара дешар иштта нисделира сан. ХӀинца долу «Даймохк» газет дара иза.

Нохчичунна ша бусалба хилар деза совгӀат дуй хиъча, цунна тӀаьххье йогӀу сийлаллаш «тхан дай», «тхан мохк» боху ши ниӀмат ду. Даймохк, дайх бисина мохк, вайн ворхӀ да ваьхна-лелла мохк. Царах дисина хӀума сийлахь а, деза а хетарна тоьшалла ду вай вешан махках Даймохк алар. Кхечу меттанашкахь дац шен мехкан цӀе дайшца доьзна цӀе тилларан ламаст. Масала, Родина, иза адам дуьнен чу ваьлла меттиг йу бохучу маьӀнехь бен дац. ВаллахӀи, вай хама бича, пусар дича, массо а агӀор оьзда мел дерг ду вайн дайх дисинарг.

Дайн ларамна махках Даймохк алар а, нанойн безамна нохчийн маттах Ненан мотт алар а тоьар дара, да-нана, хьаша, лулахо, доттагӀ лараран гӀиллакхаш ца дийцича а!

«Даймохк» газет иза – 99 шо дузуш долу халкъан тептар ду, вайн халкъо лайначу халонашна къуьрдаш деш, хене дийлина долу. Нохчийн къоман йаздархойн пхьоха а, пхьалгӀа а хилла лаьттина «Даймохк».

Кхузахь къахьегна нохчийн къоман литературин дозалла ларалуш болчу йаздархоша, поэташа, журналисташа.

Нохчийн халкъаца махках а даьлла хӀара, йуха, бовхачу махка сатесна догӀу чӀегӀардиг санна, цӀа а деана!

Тахана а Делан къинхетамца могаш-маьрша бу, вайн халкъ Казахстанан а, ГӀиргӀизойн а мехкашкара цӀадирзича дуьххьарлера номер вовшахтоьхначу тобанах болу, нохчийн къоман журналистикин ветеранаш, Нохчийн Республикин хьакъболу журналисташ Магомаев Салавди а, Магомаев Леча а, Кагерманов Докка а.

Дала хӀокху газетан беркатца дукха адам довзийтина суна. Хьалха телевизор чохь бен гина йоцчу меттигашка а кхачийна со. Белхан накъосташца дуккха а дика-вуон а декъна. Бакъду, хьан махкахь мел долу хӀума оьрсийн маттахь хуьлуш хилча, иза нохчийн маттахь гайта дезачу журналистийн болх банне а атта бац.

Газетан коллективаца 2006-чу шарахь дуьйна йу со. Белхан хӀора накъост ца хилча йиш йоцуш хилла а ву. Дала мукъ лахь, доӀанашкахь бу кхузахь бевзина, хӀинца бакъдуьненахь болу Яхъяев Хьасамби, Алиев Ӏаьлви, Дашаев ШаIрани, Шовхалова Марет…

Вайн ларамечу Дадаев Сайд-Хьасана ма-аллара, нийат цӀена дерг бен Iалур вац иттаннаш шерашкахь къоман мотт Ӏалашбечу газетехь.

Тхо кӀезиг делахь а, долуш а ду, тхан нийатийн коьрта теш АллахӀ а ву.

«Даймохк», Дала оьмар йахйойла хьан! Нохчийн нах болу нах мел бу, шеко йоцуш, хьо дехар а ду. Шен маттах, махках цаваьшнарг йа Дала а, йа наха а лорийла дац. Дала деллачу диканна хастам бан тӀаьхье кхуьийла вайн! Дала шен дуьхьа лорийла нохчийн мотт зорбане боккхуш аш хьоьгу ондда къа!

© З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |