Чт, 05 декабря, 02:47 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Нохчийн Республикин пачхьалкхан билгалонех цхьаъ йолчу байракхах лаьцна

Нохчийн Республикин пачхьалкхан билгалонех цхьаъ йолчу байракхах лаьцна

05.05.2022 10:08

2004-чу шарахь тӀеэцна йолу Нохчийн Республикин пачхьалкхан билгалонех цхьаъ йолу байракх 6:1:4 барамехь анасизан кхаа басца билгалйаьккхина йу: баьццара (6), кӀайн (1), цӀен (4).

Байракхан шоралла а, йохалла а 2:3 барамца билгалйаьккхина йу.

Иштта, байракхан 1/8 барам а лоцуш, ирхдирзина кӀайн сиз а ду цунна тӀехь — аьрру йистехь. Цу тӀехь, дашочу басахь а йолуш, деа дакъалгах лаьтташ йолу нохчийн къоман орнамент йу.

Ша байракх а, цунах пайдаэцаран лехамаш а бовзийтаран декъехь Ӏуналла деш «Нохчийн Республикин пачхьалкхан байракхан хьокъехь» закон делахь а, оцу законан лехамаш кхочушбарна тӀехь Ӏуналла деш Нохчийн Республикин геральдикин комисси йу.

Карарчу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 30-чу дийнахь билгалдоккхур ду Нохчийн пачхьалкхаллин 100 шо кхачар. Оццу дийнахь, амма 100 шо хьалха, кхоллайелла Нохчийн автономин область.

Источник: газета "Даймохк"

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |