Мир
Адам Алханов: Большой интерес для региона представляет изучение подходов Саудовской Аравии в области судмедэкспертизы
Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Билгалдоккхур ду Нохчийн пачхьалкхаллин 100 шо кхачар
Билгалдоккхур ду Нохчийн пачхьалкхаллин 100 шо кхачар
12.05.2022 11:14
Карарчу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 30-чу дийнахь билгалдоккхур ду Нохчийн пачхьалкхаллин 100 шо кхачар. Оццу дийнахь, амма 100 шо хьалха, кхоллайелла Нохчийн автономин область.
Нохчийн автономин область (Нохчийн АО) – РСФСР-на йукъайогӀуш хиллачу нохчийн къоман пачхьалкхаллин кеп йу. Иза 30.11.1922 – 15.01.1934 шерийн муьрехь лаьттина, 1934-чу шарахь ГӀалгӀайн автономин округ вайх схьатоххалц.
Нохчийн пачхьалкхаллин 100 шо кхачар билгалдоккхуш, 500 сов мероприяти дӀахьур йу Нохчийчохь а, Россин регионашкахь а, кхечу мехкашкахь а.
Царах цхьаъ йу, масала, Европерчу мехкашкахь дӀайахьа лерина «Нохчийн пачхьалкхалла – Европин уммат кхолладаларан мур» цӀе йолу «горга стол».
Цкъа хьалха Портухь (Португали) дӀахьур йу иза, ткъа цул тӀаьхьа – Гораждехь (Босни а, Герцеговина а) а, Палермохь (Итали) а, Роттердамехь (Голланди) а, Брестехь (Беларусь) а, Парижехь (Франци) а, Нови Пазарехь (Серби) а, Афинехь (Желтойчоь) а, Манчестерехь (Британи) а, Бухарестехь (Румыни) а.
Иштта, ГӀезалойчохь а, Узбекистанехь а дӀадахьа лерина Нохчийн Республикин культурин денош, ткъа Москвахь – Нохчийн Республикин денош.
Йерригроссин спортан а, туризман а «Open Chechnya» фестиваль а, футболехула йолу республикин турнир а, суьрташдахкархошлахь «Сан Республикин – 100 шо» конкурс а, Республикин дешаран «Овта» форум а, Россерчу а, кхечу мехкашкарчу а туроператорийн а, шуьйрачу хаамийн гӀирсийн а векалшна рекламин тур а, Нохчийн Республикин инвестицийн таронаш йовзийтаран гайтам а дӀабахьар ду Ӏалашонехь.
Меттигерчу шуьйрачу хаамийн гӀирсийн гӀоьнца даржор а, довзуьйтур а, карладохур а ду Нохчийн автономи кхолларан а, кхоллайаларан а хьокъехь долу архиван кехаташ, оццу темина лерина историн а, документийн а «Архиван геланча / №8» гулар а арахоьцур йу.
СагӀанаш дахар а, мовладаш дешар а, нохчийн къоман векалшца цхьаьнакхетарш дӀадахьар а хир ду Россин 50 сов регионехь.
И.ИСЛАМОВ
Источник: газета "Даймохк"
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.
Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter
Поделиться:Также в разделе «НОХЧИЙН МОТТ»:
- 21.08.2023 / 09.34
- ДӀайаьхьна «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, нохчийн мотт а» аьлла йолу горга стол
- 09.08.2023 / 14.41
- «Нохчийн меттан говзанча» къовсаман II-чу муьрах 10 стаг чекхваьлла
- 27.07.2023 / 10.20
- Iамаркахо нохчийн мотт Iамо лууш ву
- 01.07.2023 / 18.32
- Мешиэхара историн а, архитектурин а комплекс меттахӀоттийна йаьлла
- 27.06.2023 / 10.16
- Мешиэхара историн а, архитектурин а комплекс меттахӀоттийна йаьлла