Чт, 25 апреля, 13:56 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Пачхьалкхалла кхолларе – очакха некъ

Пачхьалкхалла кхолларе – очакха некъ

24.05.2022 11:05

Нохчийн халкъ кхолладелла эзарнаш шераш делахь а, йукъара цхьа пачхьалкх а кхоьллина дахаре хьашто йоцуш даьхна. Бакъду, нохчийн халкъ тайпанашка, тукхамашка декъаделла хиллехь а, вайн халкъан йукъара цхьа мотт, гIиллакхаш а, Iадаташ а хилла, махкахь низам, къепе латтош Мехкан-Кхиэл а хилла.

© Шамиль Мазиев / "Грозный-информ"

Цу йукъахь хилла тайпанийн векалш. Церан кхеташонашкахь къастош хилла махкана а, халкъана а оьшуш долу дерриге а гIуллакхаш. Амма вайн таханлерчу светски пачхьалкхан билгалонаш ца хилла хIетахь Нохчийн махкахь. Историн документаша тоьшалла до XVI–XVIII-чуй бIешерашкахь Нохчийчохь феодальни олаллаш кхоллайелла хилла хиларан хьокъехь… Окоцки а, Нохчийн а мехкаш (латтанаш) хилла царах. Цигахь Iедалан билгалонаш хилла, делахь-хIета – пачхьалкхан.

XVIII-чу бIешарахь цIейахханчу Шайх Мансура а дукха къахьегна ламанхойн цхьа пачхьалкх йан гIерташ, пачхьалкхан туш Нохчийчохь а йолуш. Иза оцу Iалашоне кхаьчна хила а тарлора дозанал арахьара, цу йукъахь Россин агIонгахьара а тIеман тIеIаткъам ца бинехь, оцу тIеIаткъамах хьалхавала цунна некъ карийнехь… Ма-дарра аьлча, некъ битинехь.

Тахана вай йийцарна а йуьйцуш йолчу демократин пачхьалкхан билгалонаш йолуш хилла, АллахIан цIеначу динна тIе а тийжаш, иза йан гIерташ хилла йолу пачхьалкх. Цуо коьртаниг лоруш хилла адамашна маршо йалар, йукъараллехь нийсо лелор, халкъийн барт бар… Амма, шена коча тесначу тIамо Шайх Мансур ца витира пачхьалкх кхолла, халкъ цхьаьнатоха.

Цу заманахь кхечу пачхьалкхийн куьйгалхошна вуно чIогIа кхераме йара цуо йуьхьарлаьцна Iалашо. Цундела иза оцу Iалашоне ца кхачийтира.

Халкъаш дацоран «гIопаллин бакъо» (крепостное право) йукъайаккхарца адамаш Iазапехь латточу пачхьалкхийн куьйгалхойн ницкъ кхечира Шайх Мансурах «талорхо» ван, иза талор даран уггаре а луьра мостагIа хиллехь а. Иштта, Хонкаран куьйгаллин геланчаша лелош а, леладойтуш а хиллачу питанаша, «кIамдарша» йоккха новкъарло йора Кавказан дуьххьарлерчу имаман халкъаш паргIатдахаран къийсам дIабахьа — цара шайн туьйранаш дуьйцуш йохайора бIаьхойн ойланаш. Хонкарарчу даккхийчу хабарша Iехабора уьш, баккъал а оцу пачхьалкхера гIо хир ду моьттуьйтура.

Имаман гIуллакх галдоккхуш, каде хьийзаш Россин агенташ а, шпионаш а бара, ахчанаш, даржаш, латтанаш комаьрша дIасадоькъуш, сакIезиг нах ахчанах, бахамах оьцуш, Шайх Мансурана тIехь доцург цаьрца кхуллуьйтуш. Шен ткъе итт шо бен ца хиллехь а, Россин инарлашкахь йоцу тIеман говзалла а, доьналла а, похIма а долуш вара Шайх Мансур.

Цундела цуьнца лара ца бора тIеман доккха зеделларг долу инарлаш а, церан хьадалчаш а. ТIаьхьара адамаш дIадахарца бен шайга иза эшалург цахиларх кхетара паччахьан Россин эскарийн баьччанаш а, Iедалан векалш а. И дарца цара иза шаьш боьгIначу гура тIе – Анапе а вигира, туркойн гIоьнца. Цигахь чекхбелира нохчийн халкъан иэсехь ваха висинчу Кавказан имаман паргIатонехьа, халкъ маьрша даккхарехьа, пачхьалкх кхолларехьа йалх шарахь бина турпалаллин некъ, цигахь дIайайра къийсаман цIе.

Йуха, ХIХ-чу бIешеран 40-чу шерашкахь, къийсаман цIе керлачу ницкъаца марсайелира Нохчийчохь, Дагестанера ведда имам Шемал кхуза схьа а веана. Нохчийчоьнах а, Дагестанах а цхьа пачхьалкх – Имамат йира цуо.

1859-гIа шо кхаччалц лаьттира иза. Имам йийсаре ваханчул тIаьхьа а БойсгIара, Солтамурда, Iаьлбиг-Хьаьжас, нохчийн кхечу имамаша, турпалхоша, къар ца луш, дIабаьхьира нохчийн халкъ а, мохк а паргIатбаккхарехьа болу хала къийсам.

Эххар а хьаьшира халкъан гIаттам. Россина ца лиира шен къилберчу дозанехь ламанхойн пачхьалкх кхоллалойла. Иза Кавказехь олаллин политика дIахьош йара. Шовзткъе итт шарахь гергга Кавказехь тIом кхихкинчул тIаьхьа, 1860-чу шерашкахь, Нохчийчоь Россина йукъайахийтира.

Делахь а, паччахьан заманахь нохчий, шайн пачхьалкх а йоцуш, Теркан Эскаран Областана йукъахь бара. Цхьа а автономи а цаьрга хьехайойтуш йацара.

Бакъду, эла Барятински Кавказехь сардал волчу хенахь, цуо бакъо йелира нохчашна шайн суьдаш йахка. Нохчийчохь урхалла даран шатайпа цхьа кеп лара мегар дара иза. Паччахьан Iедал долчу хенахь, иштта, кхин шен автономи йоцуш, хене делира нохчийн халкъ.

Пачхьалкх йилларе боьду некъ очакхаш долуш хилира вайн цул тIаьхьа а… 1922-гIа шо тIекхаччалц.

Источник: газета "Даймохк"

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |