Чт, 28 марта, 21:06 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Нохчийн Республикин пачхьалкхан герб а, цуьнан бусалбаналла а

Нохчийн Республикин пачхьалкхан герб а, цуьнан бусалбаналла а

30.05.2022 10:11

Хууш ма-хиллара, нохчийн таханлерчу пачхьалкхаллин 100 шо кхочуш ду карарчу шарахь. Цуьнца доьзна шуна республиках а, цуьнан билгалонех а лаьцна доцца дийца лаьа тхуна.

Цкъа хьалха болх пачхьалкхан билгалонех цхьаъ йолчу гербах дуьйцур ду вай.

Пачхьалкх хилла йаьлла хиларна тоьшалла ду, нагахь санна цуьнан билгалдаьккхина доза а, хаьржина Iедал а, шен билгалонаш а йелахь. Билгалонашна йукъа байракх а, герб а, гимн а йогIу.

НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН ПАЧХЬАЛКХАН ГЕРБ

2020-чу шарахь бинчу хийцамашца а догIуш, гуонаха геральдикин турс а долуш йу иза [герб]:

▪️Нохчийн къоман орнаментах лаьтта гуо – Абаден билгало;

▪️Йукъара орнамент – Цхьааллин билгало;

▪️Исс маьIиг йолу седа – 9 тукхамах лаьттачу нохчийн халкъан билгало;

▪️Кан – нохчийн халкъан бахаман билгало;

▪️Бутт – Ислам-динан билгало;

▪️ТIеман бIов – нохчийн халкъан историн тIаьхьалонан билгало;

▪️Буру туху бIов – республикин промышленно-экономикин тӀаьхьалонан билгало;

▪️Лаьмнийн баххьаш – Нохчийн Республикин уггаре а лекхачу ломан (Толаман Лам/Толам-Лам) билгало.

Iуналла деш ду «Нохчийн Республикин пачхьалкхан гербан хьокъехь» долу закон.

Кхузахь билгалдаккха догIуш цхьа хIума ду – бусалбаналлин билгало тIехь йолуш цхьа Нохчийн Республикин герб бен йац Россин Федерацерчу 85 субъектах, ткъа керастаналлин билгало (жIар) тIехь йолуш 34 субъектан герб йу.

Йуьйцучу 85 субъектах 22 республика йу, шайх 9 республика Ислам-дин лелочу халкъийн пачхьалкхалла а йолуш.

И.ИСЛАМОВ

Источник: газета "Даймохк"

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |