Главная » НОВОСТИ » Общество » Нохчийн меттан денца доьзна Кадыров Рамзанан декъалдар
Нохчийн меттан денца доьзна Кадыров Рамзанан декъалдар
25.04.2022 10:06
Хьомсара махкахой!
Тахана республикехь билгалдоккхуш ду уггаре а мехалчех цхьа деза де – Нохчийн меттан де! Вайн халкъан башхалла а, шатайпаналла а билгалйаьккхинчу оцу хазнин доккха сий а до вай, ларам а бо.
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа чIогIа дика кхеташ вара къоман бух хилла лаьттачу оцу мехаллех. Цо коьрта лорура ненан мотт а, къоман культура а ларйаран гIуллакхаш. Вайн регионна уггаре а чолхе беанчу муьрехь Ахьмад-Хьаьжас гIолецира йаздархойн а, меттан Iилманчийн а. Жигарчу боларшца дIаболабелира мотт баржоран, марзбаран, кхиоран болх. Шайн болх дIаболийра регионерчу типографеша, арахеца долийра газеташ, журналаш, книгаш.
Ахьмад-Хьаьжас дIадолийна хилла дика гIуллакх вай хIинца дозаллица дIакхоьхьуш ду, нохчийн мотт Iалашбаран а, кхиоран а гIуллакхашкахь дикка кхиамаш а бохуш. Оьрсийн маттаца цхьаьна пачхьалкхан меттан статус йолуш бу нохчийн мотт а. Дикка тоделла иза школашкахь а, вузашкахь а хьехар. Дерриге а хьелаш кхуллуш ду иза кхидIа а кхиорна.
Мотт мел бу вай къам хилла дуьсур ду. Цундела вайн уггаре а коьрта декхар ду тIекхуьучу къоначу тIаьхьенашкахь цуьнга безам кхоллар, иза царна марзбар.
Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Лаьа шу ирсе хуьлийла, шун могашалла а, аьтто а хуьлийла. Беза, Iалашбе ненан мотт!
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.
Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter
Поделиться:Также в разделе «Общество»:
- 26.08.2026 / 21.12
- Мансур Солтаев оказал содействие семье участника СВО
- 26.08.2026 / 20.16
- В районе Путина близятся к завершению фасадные работы
- 26.08.2026 / 17.12
- В Чечне проходит тематическая смена «Народы Чечни»
- 26.08.2026 / 17.08
- В России растет популяция снежного барса
- 26.08.2026 / 16.59
- В Минстрое России обсудили развитие строительства и ЖКХ Чечни


