Мир
В Японии из‑за землетрясения пострадали свыше 50 человек
USD 78,0172 EUR 88,7602
Мир
В Японии из‑за землетрясения пострадали свыше 50 человек
Россия
В России в 2027 году проиндексируют более 40 видов выплат
СКФО
Чеченский пристав вошел в тройку лучших среди судебных приставов - исполнителей СКФО
Блоги
В Госдуме отреагировали на рождественское обращение Зеленского с пожеланием смерти
Главная » НОВОСТИ » Общество » Экстремизмах долучу зуламах кхетабо дешархой
29.09.2022 15:38
ХӀокху деношкахь Шуьйтарчу йуккъерчу школехь дIайаьхьира Нохчийн Республикехь экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал къийсам латторан гурашкара рогӀера мероприяти.
Иза дӀайахьаран Ӏалашо йу тӀекхуьучу чкъуран тайп-тайпанчу экстремистийн а, террористийн а гучудийларшка цабезам кхоллар а, вайн ламасталлин динан мехаллашца ийманехь кхетош-кхиоран болх чӀагӀбар а.
Кхузахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, Шуьйтан кӀоштан прокуратурин а, администрацин а, бусалба динан а векалша.
Школин 11-чу классан дешархошца цу хьокъехь чулацаме лекци дӀайаьхьира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон говзанчас Мусаев Дишнис.
Цул сов, цхьаьнакхетарехь гулбеллачара тӀечӀагӀдира бакъонаш талхорна а, экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал къийсам латторехь кегийрхошца беш болу профилактикин болх, денна чIагIбеш, жигарбаккха безаш хилар.
И мехала а, пайдехь а цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарг йара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерсво. Цо и болх дIахьош бу Нохчий Республикехь экстремизмана а, терроризмана дуьхьал къийсам латточу ведомствийн йукъарчу белхан тобано тIеэцначу сацамца.
Цу кеппара, школашкахь дIахьочу цхьаьнакхетарша гIо дийр ду вайн тIекхуьуш долу чкъор ишттачу боьхачу а, зуламечу а гучудийларех лардан.
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.
Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter
Поделиться: