Вс, 20 октября, 13:50 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Общество » Хьоме махкахой! Доккхачу Умматан йижарий, вежарий…

Хьоме махкахой! Доккхачу Умматан йижарий, вежарий…

08.07.2013 12:51

Аллах1 - Дала (С.Т.) совг1ат дина белла мархийн Рамазан бутт т1екхечи вайна.

Темаш, цатемаш эцна йоьдучу вайн хьеречу заманахь, шел комаьрша а, доккха а совг1ат кхин хуьлийла а доцу совг1ат - ни1мат ду х1ара бутт.

Хийлаза ца хууш я хууш, даккхий я кегий къинош летош дехачу вайн азаллехь къинхетаман дог1а санна хетало цуьнан дозалла!

Вовшашна къинт1ера довлуш, вай вовшийн дезарца Аллах1ана ваьш дезаре сатуьйсуш кхобур ду вай х1ара марханаш.

Дуьззина шерачохь 11бутт хан вай рицкъанах, дуьненах ирсах 1ехалой д1алелаш… Аллах1 Дала Шен дикаллица цхьа бутт хан бен яц вайна кхаба аьлла, парзан декъехь т1ейиллинарг.

Г1иллакхца, хазачу маттаца, комаьршачу куьйгаца 1амалаш сов йохуш, вешан г1ийланиг, цомгашниг дагалоцуш, мархийн бутт кхаба ийманца собар лойла вайна.

Ийман, беркат дохьуш, марша бог1ийла Рамазан бутт!

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан декъехула хьехамча,

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца йолчу з1енийн департаментан директор

Тевсиев Бай - 1ела

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |