
Мир
Женщина, считающая себя черепахой, попала в совет по психическому здоровью в США
USD 86,6190 EUR 94,2559
Главная » НОВОСТИ » Культура и образование » «Нохчийн мотт — къоман са»: НПХьУ-н студенташца цхьаьнакхетар дӀадаьхьна
17.02.2023 12:24
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шеран гурашкахь Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада хӀоттийначу планаца жигара белхаш дӀахьо «Даймохк» газетан редакцин векалша.
Царах ду «Нохчийн мотт — къоман са» цӀе а йолуш, муниципалитеташкахь а, хьукматашкахь а дӀахьош долу цхьаьнакхетарш.
РогӀера цхьаьнакхетар дӀадаьхьна тахана Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан белхахошца а, студенташца а.
Цигахь дакъалецира Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан а, хаамийн а департаментан директора Музуров Ламберта, «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара, газетан редакцин а, «Грозный» НПТРК-н а белхахоша, нохчийн журналистикин къаночо Дадаев Сайд-Хьасана, Шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахой кечбаран а, йухакечбаран а туьшан директора Юнусов Хьамзата, кхечара.
Нохчийн мотт Ӏалашбаран а, кхиоран а декъехь йаккхий гӀулчаш йохуш а, нохчийн мотт нохчийн доьзалшкахь бийцар а, берашна иза Ӏамор а хӀоразза кхойкхуш волчу Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна доккха баркалла элира шен къамелехь Шамсудинов Бувайсара.
Цо билгалдаккхарехь, карарчу шарахь дӀакхайкхийна Нохчийн меттан шо чекхдаларх а, нохчийн мотт Ӏалашбарца а, баржорца а, кхиорца а йоьзна жигаралла нохчийн йукъараллехь йуьсург хиларца йоккха дегайовхо йу.
Иштта, студентийн хаттаршна жоьпаш луш, «Даймохкан» селхане, тахане, кхане йовзуьйтуш, нохчийн къоман журналистикехь болх баре а кхойкхуш къамел а хилира цуьнан.
Кхиболчу спикерша нохчийн меттан а, къоман журналистикин а дозаллин, ТВ-хь а, радиохь а нохчийн маттах пайдаэцаран, къоман гӀиллакхийн хьокъехь дийцира.
Кхуззахь билгалдаккха догӀуш кхин цхьа хӀума а ду: къоман газете йазбала луучу белхахошна а, хьехархошна а, студенташна а циггахь тӀейазбала аьтто а бинера Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректора Байханов ИсмаьӀала.
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.
Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter
Поделиться: