Чт, 05 декабря, 02:36 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Герзаш схьадахаран белхаме тIаьхье

Герзаш схьадахаран белхаме тIаьхье

15.01.2021 11:39

Кхаа бIешарахь оьрсийн паччахьан Iедало Iазапехь латтийначу нохчийн халкъо юьхьанца хазахетарца тIелецира советийн Iедал. Цхьа а шайтIаналла доцу вайн дай тешнера коммунисташа хаза дуьйцучу хабарех.

Большевикаша милла а тешар волуш дуьйцура шаьш йохьучу маршонах, чIагIонаш йора гIалагIазкхаша дIалаьцна нохчийн латтанаш юхадерзо, иштта, дуьйцура дин лело маьрша хир ду, къонахашкахь герз дуьтур ду бохуш.

Юьхьанца иштта дан а дара. Дукха нохчий, ЦIечу Эскаре дIаязбелла, большевикашна гIо-накъосталла деш, КIайчу Эскарца тIемаш бира.

Делахь а, чIагIдала доьлча, дицдира деэшначу муьрехь дина къамелаш. Деникинан эскар а, Бичераховн ардангаш а нохчаша шайн лаьтта тIера лелхочу хенахь дита мегаш дара кхаьргахь герз.

Амма, ХХ-чу бIешеран 20-чу шерашкахь дуьйна, советийн Iедалан векалша кхечу агIор ерзийра шаьш лоькхуш хила зурманаш: хIаллакбан болийра Iеламнах, дIакъовла йолийра хьуьжарш.

Юьхьанца продразверсткица долу хьал Нохчийчохь мелла а дай дуьтуш хиллехь, продналоган хьелаш къизачу кепе дерзийра: жижиг, шура, хIоаш Iедална дIадала деза барам лакхабаьккхинера. Цунна садетташ, хене бовлуш бара нохчий. Амма, 1925-чу шарахь, нохчашка герз охьадиллийтаран гIуллакх дийцаре дан даьккхира.

Дийцаре дина ца Iийра… 1925-чу шеран хьаьттан (август) беттан 25-чу дийнахь эскар таттаделира вайн махка. Нохчашка герз охьадиллийтаран операци дIаяхьар Ленинан партин тешамечу муридашна, революционерашна Евдокимов Ефим Георгиевична, Уборевич Иероним Петровична тIедиллина дара.

Цара, адамаллех хьаса боцу шайн дегнаш Iабош, кхиамца чекхдаьккхира и гIуллакх.

Операцехь дакъалоцуш ЦIечу Эскаран 6 183 бIаьхо вара, ГПУ-н 341 белхахо вара, цаьргахь 137 станкови а, 102 яйн а пулемет яра, ламанца лелон 14 йоккха топ а, 10 САУ а яра.

Лаьмнашкахула дехьа а бевлла, Гуьржийчухула уьш дIацабахийтархьама, дозанца дIахIоттийна кхин 230 стаг вара герзах воьттина.

Операци дIайолош хIаваан кеманийн шина тобано ламанца йолчу нохчийн 16 юьрта бомбанаш туьйхира.

1925-чу шеран хьаьттан (август) беттан 25-чу дийнахь дIайолийна тIеман операци товбецан (сентябрь) беттан 7-чу дийне елира.

«Ларамза кхеттачу» йоккхачу тоьпан хIоьънийн геригех велларг, бехк-гунахь доцу ялх стаг вара, еза чевнаш йинарг 30 стаг вара, мискачу адамийн 120 ков-керт дохийна, лаьттаца дIашардинера, дуьхьало ян гIоьртина 12 стаг вийнера ЦIечу Эскаран бIаьхоша.

Схьалаьцна набахти чувоьллинарг 300 гергга стаг вара, дуьхьало ян гIоьртина аьлла. И сила долу эскар а, буьрса герз дохьуш Нохчийчу веанчу Уборевича, Евдокимовс схьалахьийнарг 1 пулемет, 4 319 тапча, 25 299 топ, 80 000 патарма бара лаьмнашца йолчу нохчийн 242 юьртахь акхараллин талор деш.

И тайпа тIеман операци Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболабалале кхин а пхоьзза йира советийн Iедало, хIоразза а нохчийн ярташна тIе бомбанаш етташ.

И дерриге а ловш схьадеана нохчийн халкъ.

А.АРАПХАНОВА

№98, гIуран (декабрь) беттан 16-гIа де

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |