
Мир
В США мальчик потребовал арестовать мать, съевшую его мороженое
USD 86,6204 EUR 93,9710
Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Вагапов Рамзан: Ненан маттахь бераш атта а, дика а кхета материалах (+видео)
08.02.2021 11:43
Дукха хан йоццуш, Соьлжа-Гlаларчу "Ю.Д.Дешериевнцlарахчу Лингвистикин школин" хьехархочо Вагапов Рамзана, 7-чу классан дешархошца нохчийн маттахь географин дарс дlаяьхьира.
Уггаре а хазахеташ дерг и зер дикачу кхиамашца чекхдаьлла хилар ду.
Дуьххьарлерчу дарсехь шен lамархошна Къилберчу lамарках лаьцна дийцира хьехархочо. И дlадолор беркате а хилира. Бераша чlог1а резахиларца тlеийцира ненан маттахь дlаяьхьна географин дарс. Кхидlа а оцу кепара зераш шайна юккъехь дадахьа реза а хилира уьш.
"Со суо географ ву, - боху, шех лаьцна Р.Вагаповс. - Ас белхаш бина Соьлжа-Гlаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетехь а, Нохчийн пачхьалкхан университетехь а, иштта, Устрада-Гlаларчу музейн- заповедникан lилманан лакхара белхахо волуш а. Берашца болх беш даима а хазахета суна. Тlекхуьучу чкъурана хьайн зеделларг дlадала а, керлачу новкъа бовлуш царна гlо-накъосталла дар a къаьсттина мехала ду суна. Хlокху классехь нохчийн хилла а ца lаш, кхечу къомах бераш а ду. Цундела, шина а маттахь дуьйцу ас царна, уьш сайх дика кхетийтархьама. Хlора хьехархочун коьрта lалашо шен хаарш lамархошка дика дlакхачор а, хьоьхучу дарсах, темех уьш кхачам боллуш кхетор а ю. Суна хетарехь ненан маттахь бераш атта а, дика а кхета материалах. Хьалхарчу классашкахь дуьйна Вайн маттахь дешаран дарсаш дlахьош хилча, мотт бийцарехь а, lамoрехь а доккха гlо хир ду аьлла а хета суна", - дерзийра шен къамел Р.Вагаповс.
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.
Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter
Поделиться: