Чт, 05 декабря, 02:38 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Халкъ махкахдаккхар – акхаралла а, къизалла а

Халкъ махкахдаккхар – акхаралла а, къизалла а

05.03.2021 10:32

Нохчийн а, гIалгIайн а халкъаш махках дахарна кечамбар дIадолийра Къилбаседа Кавказ немцойх паргIатъяьккхинчу 1943-чу шеран чиллин – бекарг (февраль – март) беттанашкахь.

Оцу шеран эсаран (октябрь) баттахь кхузара хьал талла веара чоьхьарчу гIуллакхийн наркоман заместитель Б.Кобулов. Цул тIаьхьа бутт баьлча НКВД-н регионийн урхаллийн хьаькамашца хиллачу кхеташонехь дийцаре дира нохчий а, гIалгIай а махкахбахарца йоьзна йолу «Чечевица» («Хьозан кхоьш») операци дIаяхьаран гIуллакхаш.Юьхьанца билгалдеш дара 200 эзар стаг Новосибирскан областе, 35–40 эзар стаг Алтайн, Красноярскан крайшка а, Омскан областе а дIакхалхо.

Делахь а, 1943-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь и къизалла лело дагалаьцначеран ойла хийцаелира. Цара сацам бира вайнах Казахстане а, ГIиргIизойчу а дIахьовсо.

1944-чу шеран чиллин беттан 11-чу дийнахь Политбюрон а, ГКО-н а вовшахтоьхначу кхеташонехь сацам бира Нохч-ГIалгIайн АССР дIаяккха. Иза дIа ма-яьккхина, сихонца берриге а нохчий а, гIалгIай а Къилбаседа Кавказера дIабаха беза бохучу ойланехь вара В.Молотов, А.Жданов, Н.Вознесенский, А.Андреев.

Нохчийн а, гIалгIайн а халкъаш махкахдахаран гIуллакхна куьйгалла деш вара НКВД-н нарком Л.Берия. Иза, И.Сталинах дага а ваьлла, лаьмнашкарчу нохчашна а, гIалгIашна а дуьхьал химин а, дIаьвшен а герзах пайдаэца дагахь хилира.

Цунах пайдаэцча, Соьлжа-ГIалина бохам хила тарлуш хиларо сацийра иза оцу герзах пайдаэцарх. Цу хенахь Соьлжа-ГIалахь болх беш 50 эзар сов лаккхара говзалла йолу белхалой, гIуллакххой бара. Царах дукхахберш оьрсий а болуш.

1943-чу шеран гурахь дIадолийра республике НКВД-н, СМЕРШ-н, РККА-н эскарш далор. Кхузахь дIатарвинера НКГБ-н лерринчу подразделенийн 19 эзар белхахо, НКВД-н 100 эзар эскархо, тIеман техника, кеманаш, машенаш.

Оцу эскарех доккха дакъа адамаш махкахдахаран зеделларг долуш дара. Цара дакъалаьцнера немцой, кхарачой, гIалмакхой махках бохуш.

ГКО-н кхеташонехь (1944-чу шеран кхолламан (январь) беттан тIаьххьарчу дийнахь) Берияс дIахаийтира нохчий а, гIалгIай а, махках баьхна, Казахстане а, ГIиргIизойчу а дIахьовсорна оьшу берриге а кечамаш бина бевлла хилар. Сталина къобалдира дина гIуллакхаш. Циггахь билгалдаьккхира нохчий а, гIалгIай а махках бахаран де – 1944-чу шеран чиллин беттан 23-гIа де.

ГКО-н сацам оцу сохьта дIабовзийтира Казахстанан а, ГIиргIизойчоьнан а Iедалшна.

Чиллин беттан 20-чу дийнахь Соьлжа-ГIала кхечира НКВД-н лаккхара куьйгалла, коьртехь Л.Берия а волуш.

Операци дIахьочу муьрехь республикехь шайна луъург дан бакъо йолуш бара уьш. Цара и дан а дира, йоккхачу акхараллица, къизаллица, тешнабехкаца. Дукха йоккха къайле йина дIахьош дара халкъ махкахдаккхарна тIаьххьара кечамаш бар.

1944-чу шеран чиллин беттан 23-чу буьйсанна 2 сахьт даьлча эскарша го лецира республикерчу ерриге а ярташна, шахьаршна. ДIаяйъира радиотрансляцин станцеш, дIаяьккхира телефонан зIе.

Iуьйранна 5 сахьт даьлча, Советийн Эскаран де «дерриге а халкъаша» даздеш митингаш а, гуламаш а бу беш аьлла, ерриге а ярташкара, кIотаршкара, гIаланашкара нохчийн а, гIалгIайн а берриге а божарий арабаьхна, майданашка дIагулбира. Царна го лецира НКВД-н эскарша. Циггахь дIадийшира махкахдахаран хьокъехь долу ГКО-н омра. Оццу хенахь массо а керта салтий хьовсийра. Цара новкъа довла кечамбан 10–15 минот хан а луш, къаной, зударий, бераш шайн хIусамашкара аракхийса долийра.

Шайн керташкахь салтий ган Iемина болу нах кхеташ бацара хуьлуш долчух. Нохчийн а, гIалгIайн а хIора доьзалехь дIатарвина 3–4 салти ма вара. Царах къахеташ, шайна ца юуш а, царна юург-мерг латтайора нохчаша а, гIалгIаша а. Ткъа салташна, Бериян пропаганда бахьана долуш, массо а нохчи, гIалгIа зуламхо, талорхо, ямартхо хетара. Цара цхьа а ца кхоавора. Цомгашнаш, къаной маьнганаш тIера охьакхуьйсура. ГIорасиз волчунна, некъ балуш воцчунна, реза воцчунна, омранах ца кхеттачунна тоьпаш тухура.

Цу тайппана халкъ махкахдаккха долийна масех сахьт а далале, тоьпаш тоьхна, ши-кхо бIе стаг вийнера. ХIетте а, республика нохчех а, гIалгIайх а дIацIанъяран хьокъехь долу Бериян омра билгалйинчу хенашкахь кхочушдан ницкъ ца кхочура лаьмнийн ярташкахь, хIунда аьлча, цига машенаш ца яхалора доккха ло хилар а, некъаш доьхна хилар а бахьана долуш.

Оцу халачу хьелашкахь некъ балуш боцчу къаношна, зударшна, пхора зударшна, берашна герзаш деттара, я божали чу а, жоьлаш чу а бухкуш, царах цIе тосура.

Иштта, вайна хууш ма-хиллара, 1944-чу шеран чиллин беттан 27-чу дийнахь, Хьайбахахь, божала чу а лаьллина, дийна воллушехь, цIе а тесна, вагийра ГаланчIожан кIоштарчу масех юьртара, кIотарара схьавалийна волу 700 сов стаг…

ЧIебарлойн кIоштахь гIорасиз болу къаной, зударий, бераш Къоьзана Iома чу кхийсира. Хьалха-МартантIерчу больницера дархой, дийна боллушехь, дIабоьхкира кертахь даьккхинчу ор чу. Итон-Кхаьллахь цомгаш нах чохь болчу цIенош чу гранаташ кхуьйсура, цIенойх цIераш туьйсура. Маьлхистахь йолчу хьехашкахь хиллачу адамашна герзаш диттира. Иштта къизаллаш лелийра лаьмнашца йолчу кхечу кIошташкахь а.

1944-чу шеран бекарг (март) беттан хьалхарчу дийнахь Л.Берияс иштта доклад йира И.Сталине:

«Чиллин беттан 29-гIа де тIекхочуш, воха а вина, цIерпоштнекъан шалона тIехь дIахьажийна 478 эзар 479 стаг, царна юкъахь – 91 250 гIалгIа. ЦIерпоштнекъан 177 вагонна чу ховшийна уьш. Тахана новкъаевлла куьйгаллин белхахой хилла болу нах а, Iеламнах а тIехь болу шалонаш. Оцу нахах пайдаийцира операци дIахьочу хенахь… Операци кхиамца чекхъяьлла, ладаме дуьхьало ца нислуш… Цхьаболчара дуьхьало йина ялх меттиг нисъелира. Делахь а, и дуьхьалонаш хьаьшира, уьш схьалецарца я герзах пайдаэцарца. Операци дIаяхьарца доьзна лаьцна 842 стаг».

Иштта, оцу документехь билгалдоккху:

«… Операци дIаяхьарна кечамбечу хенахь а, иза дIахьочу хенахь а схьалаьцна нохчех а, гIалгIайх а йолу 2 016 антисоветски элимент (хьовсал шу, стаг вац лаьцнарг «элемент» ю – авт.). Бахархошкара схьадаьккхина 20 072 герз, цу юкъахь 4 868 топ а, 479 автомат а ю».

Беха, хала, къиза бара Казахстане а, ГIиргIизойчу а бина некъ. Нохчий а, гIалгIай а даьхни дIасадуьгуш хиллачу вагонаш чу боьхкинера. Царна чохь пешаш а, нараш а ян а яцара ала мегар ду. Нараш йолуш вагон нисъелча а, царна тIе охьабийшабора цомгашнаш, къенанаш. Зударий а, бераш а хевшина некъ беш дара, ткъа кегийрхой – ирахь.

Оьшуш хиллачу 15 207 вагонна метта елларг 12 525 вагон бен яцара. Цхьана вагона чохь хила везаш верг 40–45 стаг хиллехь, 80 стаг хаавора. Цу тIехь къизалла лелийначу СССР-н НКВД-н 3-чу Урхаллин хьаькама дозаллица хаам бора СССР-н чоьхьарчу гIуллакхийн наркоман заместителе Б.Кобуловга:

«… и бахьанехь дикка вагонаш, ведарш, аннаш, пешаш, и.дI.кх. кхоо аьтто баьлла…».

Вагонаш чохь адамаш дукха хиларна, цIанонна цхьана а тайпа хьелаш цахиларна, эзарнаш адамаш цомгаш хилира, кхелхира новкъахь. Кхелхаш болчарна юкъахь дукхахберш къаной бара, бераш дара. Шайн оьздангаллех, гIиллакхех, эхь-бехках ца бухуш, бIеннаш зударий а, мехкарий а кхелхира оцу новкъахь.

1944-чу шеран бекарг беттан 21-чу дийнахь СССР-н НКВД-н гIаролан эскарийн хьаькама Бочковс, ша Берияга яздинчу рапортехь, билгалдаьккхинера:

«Шалонаш дIахьовсор дIадолийра 1944-чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнахь, чекхдаьккхина бекарг беттан 20-чу дийнахь. Шалонаша некъ бина 9 дийнера 23 дийне кхаччалц. Юккъерчу хьесапехь 16 дийнахь-буьйсанний новкъахь хилла шалонаш. Яха езачу метте дIакхаьчна 180 шалон, 491 748 стаг. Новкъахь дуьнен чу даьлла 56 бер, дарбанаш лелоран кхерча дIахьажийна 285 стаг, кхелхина 12 720 стаг«.

Ткъа НКВД-н хаамашца новкъахь кхелхинарг 1 361 нохчи а, гIалгIа а хилла, ткъа больницашка хьажийнарг 1 070 стаг хилла.

Оццу шеран бекарг бутт юккъе боьдуш шаьш хьовсийначу меттигашка дIакхача юьйлаелира хьалхара шалонаш. ТIаьххьара 180-гIа шалон дIакхечира 1944-чу шеран бекарг беттан 20-чу дийнахь.

Иза сецира Томскан цIерпоштнекъан Риддер станцехь. ДIакхаьчнарг 494 456 стаг вара. 180 шалонах Казахстане кхаьчнарг 147 шалон яра. Царна тIехь 405 941 нохчи а, гIалгIа а вара. ГIиргIизойчу кхаьчнарг 33 шалон яра. Царна тIехь 88 515 стаг вара.

Амма цу тIехь а чекхдаьлла дацара Нохч-ГIалгIайчоь нохчех а, гIалгIайх а дIацIанъяр. Лаьмнашкахь, хьаннашкахь левчкъина бисина а бара махках бовла ца лиъна нохчий а, гIалгIай а.

«Обаргаш» бу бохурш а хилла, дукха ца хиллехь а. НКВД-н эскарша схьалоьцуш, шайн халкъана тIаьхьа дIахьовсош хилла царах дукхахберш. Царна юкъахь Iожалла тIеэца кхаж баьлларш а хилла, набахтехь хан яккха доьгIнарш а хилла.

Делахь а, дукхахберш Казахстане а, ГIиргIизойчу а дIахьовсийна. Иза тIечIагIдо махках баьхначу нохчийн а, гIалгIайн а бараман хьокъехь болчу 1944-чу шеран мангалан (июль) беттан 9-чу дийнахьлерчу хаамаша.

Берияс цу хьокъехь Сталине бинчу хаамца нийса а догIуш, махках ваьккхинарг верриге а 496 460 нохчи а, гIалгIа а хилла.

Хьесапе эца юьхьанца цига дIакхаьчнарг 491 748 стаг хилла хилар а, дIакхаьчначу муьрехь цамгарша а, мацалло а, махкала даро а дуккха а нохчий а, гIалгIай а дахарх хадийна хилла хилар а.

Цу тайппана чекхъяьлла нохчий а, гIалгIай а шайн дайн махках бахаран «Чечевица» операци.

Халкъ махкахдаккхар йоккха акхаралла, йоккха къизалла ю. И лан дезна-кх вайн халкъан.

(Статья язъеш пайдаэцна историн Iилманийн докторан Ибрагимов Мусан «Чеченцы: выселение, выживание, возвращение (1940–1950-е годы)» книгах)

С.ХАМЗАТОВ

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |