Чт, 05 декабря, 02:54 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Джамбеков Шаlрани бакъдуьнена вирзи

Джамбеков Шаlрани бакъдуьнена вирзи

06.03.2021 22:55

Тахана, 2021-чу шеран бекарг (март) беттан 6-чу дийнахь боккха эшам хиларх лаьцна ирча хаам кхечи вайга. Нохчийн халкъана даггара дукхавезаш волу Джамбеков Шаlрани бакъдуьнена вирзи.

Нохчийн мотт, нохчийн фольклор, нохчийн литература кхиор, lалашъяр яра цуьнан дахаран коьрта lалашо. Ша тlелаьцначу хьаналчу новкъахь, юьхь-яхь йолуш, чекхвала доьналла, хьекъал, хьуьнар а хилира цуьнан. Нохчийчохь вевзина ца lаш, ерриге а Къилбаседа Кавказехь а боккхачу ларамца йоккхуш яра цуьнан цlе. Профессор, филологин lилманийн доктор, фольклор таллархо, публицист, нохчийн меттан говзанча вара иза. Хьехархойн массех чкъор кхиийна цо. Иза эрна веана вацара xloкху дуьнен чу. Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан кафедрин куьйгалхо лаьттина, карарчу хенахь Нохчийн меттан институтан лакхара lилманан белхахо волу Джамбеков Шаlрани оьшуш вара массарна...

Аллахl-Дала декъалвойла вайн дика ваша Шаlрани! Аллахlа собар лойла цуьнан доьзална, гергарчарна, накъосташна... Делан кхиэл лелаза ца йолу. Шаlрани санна беркате стаг дlавалар боккха эшам бу. Цуьнан дерриге а дахар нохчийн мотт, фольклор, литература lалашьярна лерина дара. Нохчийн халкъ хаздеш волчу кlентех цхьаъ вара иза.

Дала гечдойла Шаlранина! Дала иманца собар лойла цу бохаман дакъа мел кхаьчначунна! Дала къинхетам бойла цуьнах а, вайх а!

Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |