Чт, 05 декабря, 02:51 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Ахмадов Муса: "Вайн берашна нохчийн мотт хаийта, бийцийта дийнна доьзало "Стелаlад" журнал деша деза"

Ахмадов Муса: "Вайн берашна нохчийн мотт хаийта, бийцийта дийнна доьзало "Стелаlад" журнал деша деза"

22.03.2021 22:09

Берийн журналан истори хьал долуш а, шен орамашца, нохчийн махкахь зуламийн дарц даржале хиллачу шерашка халайоьдуш а ю. Журналан дуьххьарлера номер араяьлла 1986-чу шарахь, 36 эзар экземпляр а тираж а йолуш. Хlора арайолучу номерехь къахьоьгуш бара гlарабевлла нохчийн яздархой, поэташ Жанаралиев lимран, Абдулаев Леча, Завриев Мадула, Кадиев Руслан, Ахмадов Муса.

Къоначу ешархошна журнало довзуьйту нохчийн къоман гlиллакхаш, ламасташ, дуьйцу юкъараллехь лелачу бакъонех лаьцна.

- Нохч-Гlалгlайн Республика йолчу хенахь журнал нохчийн а, гlалгlайн а меттанашкахь арадолуш дара, - бохуш дуьйцу Нохчийн Республикин халкъан яздархочо, "Издателийн цlа" ГАУ-н редактора Ахмадов Мусас. - Нохчийн Республикехь тlеман кампанеш йолчу хенахь арахоьцучуьра сацийна "Стелаlад", цул тlаьхьа а, Делан къинхетамца, юха а, арадала доладелира. Журнал доьшуш, дезаш болчарна боккха кхаъ бара иза. Редактора дийцарехь, "Стелаlад" массо хенахь а дара оьшуш а, хьашт долуш а. Шен агlонаш тlехь цо даима а довзуьйту меттан башхаллах, хазаллах, фольклорах, нохчийн авторийн кхоллараллaх лаьцна. Къаьсстина хьахо хьакъ ю тlекхуьуш долу чкъор кхетош-кхиорна тlе тидам бохуьйтуш йолу, хазачу, къеггинчу басаршца, ехкина иллюстрацеш.

- Нохчийн мотт гуттаренна a баха бисийтар ю журналан коьрта lалашо, - дуьйцу М.Ахмадовс. - Редакцис шен боллу ницкъ тlекхуьуш долчу чкъурана нохчийн маттахь, хецна, язъян а, еша хаийтарна тlебохуьйту. И бахьана долуш, берашна самукъане халаре, керланиг довзаре сатуьйсуш кечдо оха кегий дийцарш, байташ, галаморзахаллаш (кроссворд). Цул сов, хlора номерехь дешархошна, шаьш язъина байт я дийцар зорба тоха а, шаьш диллина сурт тlетоьхна, шайн публикацешна бухахь авторш хилла дlахlитта бакъо а ло "Стелаlадо". Оцу кепара вовшашца гергарлонаш а леладо оха. Иштта, "Бовза хьайн мохк" аьлла рубрика a ю журналехь. Цо дуккха а вайн махкарчу, вайна ца евзачу яртех, къотарех, кlоштех, церан цlерех, уьш муха кхоллаелла а дуьйцу берашна, нохчийн маттахь довзуьйту кlиранан денош. Уггаре а йоккха юкъараллин проблема, вайн бераш оьрсийн маттахь алсам литература йоьшуш а, мультфильмашка хьовсуш а хилар ю аьлла хета Мусана. Мел халахеташ делахь а, нохчийн литературица уьйр церан кlезиг хилар билгал а доккху цо.

- Сан доккха дехар ду шайн бераша нохчийн мотт бийца луучу нохчийн дайн-наношка хlокху журнале язбалар, шайн доьзалехь, цхьаьна хlара дешар. Керлачу технологеша юкъаяьхначу гаджеташца ловзуш, цу тlехь кхечу маттахь мультфильмашка хьовсуш дукхачу берашна бицло вайн мотт. Нохчий хилла диса вай лууш делахь, мотт ларбар ю вайн коьрта lалашо.

Нохчийн маттахь берашна лерина передачаш чlогlа кlезиг ю вайн, кхин а эшна ду мультфильмашца долу гlуллакх. Цундела, мотт кхиорехь коьрта дакъа хилла схьадан дезаш ду журнал. Нагахь санна, иза хlора доьзалехь, хlора хlусамехь хилахь, ша юьхьарлаьцначу lалашоне иза дlакхочург хиларх цхьа а шеко яц сан. Къамел дерзош, яздархочо билгалдаьккхира: - Бер кхиорехь, юкъараллехь шен меттиг дlалацарехь, исбаьхьаллин литературица цхьана могlаре "Стелаlад" дlахlотто мегарг хилар.

- Оха язъеш йолу произведенеш нохчийн литературин маттаца йогlуш ю. Нохчийн къоман дукха диалекташ ю, цара берашна боккха тlеlаткъам а бо, ткъа тхан журнал уьш къоман культурин, lадатийн, ламастийн хоршахь кхетош-кхиорехь дика накъост ду, - дерзийра шен къамел Ахмадов Мусас.

Таханалерчу дийнахь журналан тираж 2 эзар экземпляр ю. Цуьнан дlасадаржор цуьгна язваларца ду. Хlора шарахь кхуьуш догlуш долчу цо дукха а, самукъане а конкурсаш дlахьо, цо а, шен кепара, журнал дlасадаржорехь, нохчийн маттана къона чкъор тlедерзорехь дика жамl ло.

Магомадова Седа

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |