Чт, 05 декабря, 02:47 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » "Къоман яй", "Къоман тептар", "Къоман мухIар" - нохчийн къоман дозалла

"Къоман яй", "Къоман тептар", "Къоман мухIар" - нохчийн къоман дозалла

03.04.2021 10:49

Къоман яй" - иза уггаре а шира, йоккха халкъан сийлалла ю. Шайн бух а болуш, схьадовлар долчу нохчийн тайпанийн цlераш тlехь а йолуш, халкъо лоруш а, Мехкан-Кхиэло lалашбеш а хилла и яй.

"Грозный-информ" хаамийн агентствон корреспондентан къамел хилира Нохчийн Республикин lилманийн Академин белхахочуьнца Тесаев Аминца. Цо дийцира нохчийн юкъараллехь хlун маьlна леладо оцу къоман сийлаллаша.

"XlX-гlа бlешо юккъе даххалц "Къоман яй" олу сийлалла нохчашна юкъахь лелаш а хилла, цу хенахьлерчу уггаре лаккхарчу lедалан урхаллех-Мехкан-Кхиэлах йоьзна а хилла. Шех яйх дерг аьлча, иза вовшахлатийначу цlестачу ворхl экъанах лаьтташ бу, бухaна йиллина бархlалгlаниг а йолуш. Ши цlе лелош хилла цо: "Къоман яй", "Цlеста яй". Нашхарчу Муцlара юьртара, дукха хан йоццуш, меттаxlоттийначу бlаьвна чохь lалашбеш а хилла иза," - дийцира А.Тесаевс.

Цо билгалдаьккхира нохчашна юкъахь хилла а ца lаш, кхечу къаьмнийн а дахарехь йоккха меттиг дlалоцуш йолу оцу кепара сийлаллаш къайлаевлла дукха хан цахилар.

"Муьлхха а гlуллакх, хуьлийла иза, тезет я зудаялийна меттиг, цигахь даима а лелош хилла даккхий, дуккха а адамана юург кечъеш долу яйш. Цундела цхьааллин билгало хилла а ца lаш, дуьххьара Нашхара схьадевллачу тайпанийн цlераш тlеязйина хилла цунна," - дийцира Тесаев Амина.

Цо билгалдаьккхарехь оцу цхьана яй чохь я вархl уьстагl, я дийнна цхьа сту кхехкош хилла, оццул боккха хилла иза.

"Оха дlабаьхьначу талламашца, "Къоман яйн" истори Xll-чу бlешарахь дуьйна дlайолалуш ю, 1843-чу шеран биста кхаччалц, иза хиларан тоьшаллаш а ду.

Оццу шарахь Имам Шемал Нашха веача байна бара иза, цхьаболчу хаамаша иза лалор, кхиболчу хаамаша lинах кхоссар а хьоьхуш. Ерриге а вархl экъа вовшахъяьккина, бухара цхьаъ йоцург, Амма цу тlехь яздина хlумма а дац. Цхьаберш и яй къоман юкъара сийлалла ю аьлла хеташ бу, хlокху халкъан массо а векалийн цlераш шена тlе а язйина. Бакъду, хила а хилла иза доллу адам, тайпанаш вовшахтухуш, церан бартан а, цхьааллин а билгало а, тоьшалла a хилла лелаш. Ткъа и саннарг новкъадолуш, барт бохорхьама, хlуъа а дан кийчачу нахана, баккъал, новкъа а хилла хила там бу иза. Цундела, церан лаамна тlетайна, къайлабаьккхина хила там а бу иза Шемала" - тlетуьйхира А.Тесаевс.

Цул сов, "Къоман тептар", "Къоман мухlар" сийлаллех лаьцна а дийцира цо.

Ерриге а кхоъ хилла сийлалла, вай лакхахь билгалъяьккхина йолу.

Хьалха, Мехкан-Кхиэл вовшахкхетча, цунах дерригхалкъан съезд хуьлуш хилла. Массо а тайпанах болчу наха цхьацца сацамаш тlеоьцуш, шайш гlуллакхаш кхочушдеш хилла. И гулам дlахьочу хенахь юург кечъян езаш хилла боккхачу яй чохь. Цигахь кхочушдина дерриге гlуллакхаш, бина барташ, мухха делахь а, дlаязбеш хилла, цундела, и барташ тlечlагlбарехь, дlакъовларехь доккха маьlна лелош хилла мухlаро. Оцо, оццул башха долчу нохчийн халкъан цхьаала тlечlагlъеш, юкъаралла бертахь латтош хилла. Иштта доккха маьlна лелош хилла нохчийн юкъараллин дахарехь оцу кхаа сийлалло", - дерзийра цо шен къамел.

Хилиева Зарет,

"Даймохк" газетан гIоьнца

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Лев
Apr 3 2021 11:31AM

Нийсо хил еза.

Страница: 1 |