Чт, 05 декабря, 02:22 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Хlутосург (май) баттахь болх бан йолалур ю Москва-Майкоп-Кисловодск-Соьлжа-Гlала-Хlинжа-Гlала туристически цlерпошт

Хlутосург (май) баттахь болх бан йолалур ю Москва-Майкоп-Кисловодск-Соьлжа-Гlала-Хlинжа-Гlала туристически цlерпошт

10.04.2021 10:01

Нохчийн Республикин туризмехула йолчу министерствон а, ООО "РЖД тур"-н а хиллачу бартаца кестта дlайолалур ю туристически цlерпошт. Туризмехула волчу министра Байтазиев Муслима бечу хаамца, цlерпошт дlагlур ю хlора шоьтан дийнахь, Москва-Майкоп-Кисловодск-Соьлжа-Гlала-Хlинжа-Гlала маршрутаца.

Дуьххьара цуьнан новкъаялар 2021-чу шеран хlутосург баттахь хир ду.

"Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана туризмана еш йолу терго бахьанехь, вайн махка богlучу туристийн терахь, шо-шаре даларца, алсамдолуш ду. Цхьа а шеко йоцуш, "Нохчийн Республика" боху дешнийн цхьаьнакхетар, хlинцале а, бренд хилла схьадогlуш ду", - билгалдаьккхира М.Байтазиевс.

Дагадаийта деза, дукха хан йоццуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Къилбаседа Кавказан аьчканекъийн (СКЖД) хьаькама Задорин Сергейс а шайн хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира аьчканекъан дакъа кхиорехула долу гlуллакхаш.

СКЖД-н хьаькама хаийтира Соьлжа-Гlалахь керла аьчканекъан вокзал ярехь кхочушъян йолийначу проектана ша резахилар. Цо дийцарехь и гlуллакх массо а стандартащца нийса а догуш д1ахьош ду.

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |