Чт, 05 декабря, 02:30 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин турпалхочун Кадыров Рамзанан Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин турпалхочун Кадыров Рамзанан Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар

25.04.2021 03:45

Ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Республикин дезачу деношна юккъехь оцу дийно къаьсттина а, сий-лараме а меттиг дIалоцу. Цо вайна дагадоуьйту ненан мотт Iалашбан, кхион, тIаьхьенаша тIаьхьенашка дIакховдон безаш хилар. Бакъонца, цунах вайн къоман коьрта хьал-бахам бу ала догIу.

 

Ненан маттаца уьйр-марзо хила езар даима а коьртачу маьIне хилла вайна. Вай дерриге а хьелаш кхолла гIерта хIора а нохчичунна шен ненан мотт хаийтарна, оцу маттахь говза къамел дан, яздан Iаморна, нохчийн меттан грамматика йовзийтарна. Вайн къоман башхаллин а, культурин а гIортор а, бух а ма бу ненан мотт.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ненан мотт, нохчийн халкъан культура, истори Iалашъяр уггаре а мехала, маьIне гIуллакхаш лорура. Нохчийн яздархоша, журналисташа, лингвисташа деш долчух кхеташ а, царна гIо-накъосталла деш а вара иза. Ур-атталла, республикина уггаре а чолхе беанчу муьрехь а Ахьмад-Хьаьжин ницкъ кхечира нохчийн маттахь газеташ, журналаш, книгаш, Iаматаш арахеца, телепередачаш, радиопрограммаш ян хьелаш кхолла.

Ахьмад-Хьаьжин сийлахь-деза весеташ кхочуш а деш, тахана вай республикехь уггаре а тоьлла хьелаш кхоьллина ненан мотт баржо, безабалийта, цуьнга марзо кхолла, иза кхин а хьал долуш бан. Вай долчохь хIора шарахь нохчийн маттахь дIахьош тайп-тайпана конкурсаш, фестивалаш ю, арахоьцуш книгаш, Iаматаш ю.

© Рамзан Мусаев /ИА "Грозный-информ"

Тахана хIора а нохчи кхеташ ву шен Даймахке, шен халкъе бакъболу безам ненан матте болчу безамехула бен хила йиш цахиларх. Вайн сийлахь декхар ду и безам Iалашбар, тIекхуьучу тIаьхьенашка дIакхачор. И дан таро хир яц вайн мотт лекхачу (трибунаш) мимаршна тIера бен буьйцуш ца хилахь. Ненан мотт массо цIа чохь, хIора хIусамехь бийца безаш бу, хIора доьзалехь берана жимачохь дуьйна иза Iамийта. ТIаккхий бен вайга Iалашбалур бац нохчийн мотт, тIаккхий бен Iалашдалур дац вайн башха, исбаьхьа, шатайпа халкъ.

Хьомсара махкахой! Ас кхин цкъа а даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца. Лаьа шу ирсе, могаш хуьлийла, шун аьтто хуьлийла! Беза а беза, Iалаш а бе ненан мотт!

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |