Мир
Фонд Кадырова оказывает масштабную помощь мусульманским странам
USD 79,3398 EUR 92,9384
Мир
Фонд Кадырова оказывает масштабную помощь мусульманским странам
Россия
Школьникам и взрослым рекомендуется съедать не больше двух–трех мандаринов в день
СКФО
В Сбере рассказали жителям Северного Кавказа, как подготовиться к выходу на пенсию
Блоги
Финляндия собирается лишить украинских беженцев всех выплат ради экономии
Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Ойсхарахь билгалдаьккхира Нохчийн меттан де
26.04.2021 14:41
Ойсхарарчу № 3 йолчу юккъерчу школехь д1аяьхьира Нохчийн меттан денна лерина йолу мероприяти.
Иза вовшахтоьхначу школан директора Талхигова Санета, цуьнан кхеташ-кхиоран декъехула болчу г1оьнчаша Занаева Марусас, Асаев Мохьмада а, нохчийн меттан хьехархочо Шабаева Нинас, психолога, суртдиллархочо Абаева Бирланта, иштта дешархоша а доккхачу хазахетарца т1еийцира хьеший – нохчийн яздархо, поэт Алиев Мохьмад, поэт, публицист, «Гумс» газетан политикан, экономикан а декъан доладархо, Нохчийн Республикан Хьакъволу журналист Падаров 1аьрби а.
Ала дог1у, дешан говзанчаш кхузахь хьошалг1ахь дуьххьара бацара, ткъа Падаров 1аьрби шен заманчохь Ойсхарарчу кхолаг1чу школера цхьаболчу, педагогикехь зеделлачу хьехархойн дешархо хилла а ву. Цундела лаа дацара - вовшахкхетар, юьртахойн гергарлонан хьу-марзо а йолуш, д1адахар.
Дешархоша йоккха программа гайтира: говза нохчийн хелхарш дира, лекхира зевне эшарш, йийшира нохчийн маттана лерина байташ. Цул сов, зала чохь д1ахьуш бара бераша, суртдиллархочо Абаева Бирланта а исбаьхьа-хаза дехкинчу суьртийн гайтам. Алиевс, Падаровс а мероприятин поэзин дакъа хаъал т1едуьзира шайн стихаш лаккхарчу пох1мица ешарца. Ладог1архоша дика т1еийцира цушиннан Даймахке, къоме, матте а болу безам ч1аг1бо лирика. Цул т1аьхьа хьешаша совг1атна х1усамдайшна шайн книгаш елира. Х1усамдай а ца бисира юьстах – бераша дехкина суьрташ, цхьацца кхиа совг1аташ дира цара шаьш долчу баьхкинчарна.
Вовшахкхетар дерзош гулбеллачара билгалдаьккхира: «Ненан мотт цабезачунна, цуьнца ховха-экаме юкъаметтиг йоцучунна, иза буьйцуш, Iалашбеш воцучунна Даймохк, къам а доьзийла дац. Дуьненахь уггаре а хьалдолучех, исбаьхьачех бу нохчийн мотт. Оцу матто шену чу дерриге а лоцу – нохчийн къоман башхаллаш, истори, культура, гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ, ламасташ. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) меттан хьокъехь сих-сиха олура: «Мотт ца хилча - къам дац!». Цундела лаа дацара 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законна куьг яздина апрелан 25-г1а де «Нохчийн меттан Де» д1акхайкхор. Тахана вайн махкахь мотт ма-хуьллу 1алашбо, шарбо, кхиабо, кхиош ю къоман культура, шуьйра ларъеш ю нохчаллин башхаллаш а…»
1аьрбин Шемал
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.
Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter
Поделиться: