
Мир
Ваш удел – пустая болтовня: Ахмед Дудаев обратился к псевдопатриотам
USD 82,0930 EUR 88,0379
Главная » НОВОСТИ » Власть и политика » Конституцехь хийцамаш баран хьокъехьчу РКЗ-н проект къобалйина
08.02.2023 11:04
Куьйгаллехь Парламентан спикер Даудов Мохьмад а волуш, нохчийн цхьамогӀа депутаташа кечйина йолу «Нохчийн Республикин Конституцехь хийцамаш баран хьокъехьчу» законан проект Парламентан рогӀерчу пленарин кхеташонна магор къобалдина Парламентан законийн а, пачхьалкхан хӀоттаман а, меттигерчу урхаллин а комитетан Кхеташоно.
Оцу хийцамашца а догӀуш, Конституцехь тӀечӀагӀйан лерина Нохчийн Республикин Ӏедалан куьйгаллехь волчу коьртачу стеган даржан цӀе — Нохчийн Республикин Мехк-Да.
Цул сов, вайн махкахь законийн къепе а, кхерамзалла а, мехкан цхьаалла а, бахархошлахь машар а, барт а Ӏалашбаран гӀулчаш йахар а Нохчийн Республикин Мехк-Ден декхаршца догӀуш хилар билгалдаккха лерина.
Иштта, Нохчийн Республикин Конституцехь хийцамаш баран хьокъехь дехар дан бакъо йолчу Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Парламентан а, Правительствон а, меттигерчу урхаллин органийн а могӀаре йазван лерина Нохчийн Республикин Прокурор а.
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.
Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter
Поделиться: