Вс, 21 декабря, 10:12 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Власть и политика » Нохчий Республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан декъалвар

Нохчий Республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан декъалвар

08.10.2011 21:19

Лараме Ахьмадан Рамзан!

Вайн Нохчийн Республикан Куьйгалхочуьн а, Правительствон а аналитически урхаллин а, пресс-службин а ц1арах даггара декъала во хьо 35 шо кхачарца.

Тхуна даггара лаьа кхин а б1еннаш шерашкахь хьайн кху махкана, кху къоманна, кху къоман х1ора г1алин, х1ора к1оштана, юьртана, урамна, х1усамна долчу беркатна хьо вехийла.

Тахана, Дала иза декъала войла,Ахьмад-Хьаьжас болийначу новкъара ца волуш, дукха ду ахь кху къоманна, махкана динарг. Денна кхуьуш ю вайн ярташ, г1аланаш. Тахана сирла ю вайн нанойн яххьаш, дай баккхийра беш бу шайн к1ентех, берийн зевнечу, ирсечу деларша къаг1ийна нохчийн х1ора х1усам. И дерриг а хьан дог ц1еналла, хьан комаьршо, хьуна даггара х1ара вайн мохк, къам, кхуьнан хинйолу ирсе кхане езар, хьан догдикалла ю.

Хьан лаккхара кхетам, даггара махке болу безам бахьана долуш денна совдуьйлуш, даьржаш ду кху махкахь иман, беркат. Гонд1арчу республикера къамнаш а хьоьгуш тахана д1ах1оьттинчу Нохчийчохь, къизаллин, тешнабехкан,ямартлонан лар ца йисина, Дала мукъ лахь, цкъа а ца хилча санна яйна уггар а къиза хиллачу т1еман лар а. Иза дерриг а, Дала иза декъала войла, вайн хьалхарчу президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин беркат а, цуьнан хилла сирла сатийсам а бу.

Дала мукъ лахь, цу некъара ца волуш, т1еткъа хьайн диканашца вайн Нохчийн къоманна даккхийра г1уллакхаш деш схьавог1учу хьуна Делера ял а, нохчийн мискачу къомера доккха баркалла а хир ду.

Везачу Дала дуккха а шерашкахь хьайн гергарчийн вон ца гуш, тешначех тешам ца болуш, нохчийн къоманна хьан сингаттам, бала ца гуш дуккха а шершкахь ирсе, могаш, маьрша хуьлийла хьан дахар, Рамзан!

Дала аьтто бойла хьан, кху ахь деш долчу даккхийрачу г1уллакхашна т1ехь.

Нохчийн Республикан Куьйгалхочуьн а, Правительствон а аналитически Урхаллин, пресс-службин куьйгалхо

Каримов 1альви.

Источник: Пресс-служба Главы и Правительства Чеченской Республики

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |