Вт, 27 сентября, 18:32 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Общество » Кхин цкъа а – Бенойн БойсгIарах лаьцна

Кхин цкъа а – Бенойн БойсгIарах лаьцна

22.09.2022 15:48

1794-чу шеран оханан (апрель) беттан 13-чу дийнахь Шлиссельбурган гIопехь дIаваьлла нохчийн дуьххьарлера имам Ушурма. Литературин дукхахдолчу хьостанашкахь а, халкъалахь а Шайх Мансур олу цу башхачу къонахчух.

Нохчийн къоман маршонехьа къуьйсуш чекхдаьлла цуьнан дерриге а дахар. Хаьштигах ваьгна чекхваьлла иза вайн турпалчу дайшна маршонехьа боьду некъ гойтуш, мокхаза гIап санна, доьналлин масал а хилла.

Бакъду, нохчийн къоман яхь йолу кIант – Ушурма лахьтин кийра верзарх бакъболчу къонахийн йокъалла-м ца хIоьттина Нохчийчохь. Уьш дуккха а хилла хIора юьртахь – шайн халкъан дуьхьа дахар ца кхоийнарш. Царах цхьаъ ву оццу 1794-чу шарахь нохчийн ширачу юьртахь дуьнен чу ваьлла Бенойн БойсгIар. Дукха дуьйцу цуьнан майраллах, доьналлах, къарцаваларх.

2021-чу шеран чиллин (февраль) баттахь 160 шо кхаьчна Бенойн БойсгIар вайца воцу. Делахь а, цуьнан амат, турпалалла дашочу седанах тарделла, цкъа а доврдоцуш, тIейогIучу массо а ханна даха дисина нохчийн халкъан иэсехь.

Мел халахеташ делахь а, дукха дац вайна Бенойн БойсгIарх хууш дерг. Кхаа бIе шарахь къоман маршонехьа къуьйсуш, вайн турпалчу дайша тIом биний хаьа вайна, шайн сийлахь цIераш турпалаллин иллешка йирзина, алссам нохчийн кIентий, къарбелла юха ца бовлуш, гIазотехь эхарта берзаро дегнаш Iийжадо вайн. Ишттачу къоман дозаллех цхьаъ ву Бенойн БойсгIар а.

Дукха жимачохь, герз каралаьцна, мостагIчунна дуьхьалваьлла иза, бIаьхаллин доза доцу хьуьнарш гойтуш. Нохчийн яхь йолчу кIенташа шайн маршонехьа къуьйсуш, оьрсийн паччахьан эскарца латтош хиллачу тIемашкахь 1817-чу шарахь дуьйна дакъалоцуш хилла БойсгIар.

ГIеметтахIоьттина, герга вахана говза тIемало ву БойсгIар гIараваьллачу къоман турпалхочо Таймин Бийболата 1825-чу шарахь бинчу гIаттамехь дакъалоцуш. Оцу муьрехь гIарайолу цуьнан турпала цIе нохчийн къоьжачу лаьмнийн массо а маьIIехь.

25 шарахь гергга оьрсийн эскарца тIом бина имам Шемал, 1839-чу шарахь, деэшна, нохчийн лаьмнашкахь хьулвелча, ЦIоьнтарахь иза тIелаьцнарг а, цунна тешаме накъост хилла дIахIоьттинарг а иза ву. Дуккха а шерашкахь имаман наиб волуш тIом бина цо. Вайн турпалчу махкахочух чIогIа бIо булуш а хилла имам.

Шемалан эскаран доь дайъа араваьллачу граф Воронцовн бIонца 1845-чу шарахь хиллачу буьрсачу тIамехь еза чевнаш йина БойсгIарна: цуьнан цхьа пхьарс а, бIаьрг а баьккхина оцу тIамехь… Амма иза къарван ницкъ ца кхаьчна цуьнан. Луьрачу тIамехь хилла чевнаш мелла а дIайирзича, мостагIех летар юха а дIадолийна цо, дарделлачу лоьмо санна, уьш хIаллакбеш.

Луьра кхихкинчу тIемашкахь, 1847-чу шарахь, ког а боккху вайн турпалхочун. Бакъду, тIаккха а мостагIех летар ца дуьту турпалхочо. Цундела аьлла хир ду-кх имам Шемала: «Бенойн БойсгIар вайца мел ву, оьрсийн эскаро вай цкъа а эшор дац!».

Буьрсачу шерийн кIоргенера дуьйцуш вайга схьакхаьчна – бIаьрг а, пхьарс а, ког а боцчу БойсгIара накъосташка ша говра тIе хаавойтуш хилла, тIаккха, даьккхинчу туьраца, тIамна юккъе эккхаш а хилла иза, шен хотIаца мостагIий Iадош, церан дегнашка кхерам боссош, нохчий къарбала цкъа а дагахь ца хиллиий а хоуьйтуш.

1859-чу шеран хьаьттан (август) беттан 25-чу дийнахь имам Шемал оьрсийн эскарна йийсаре вахана. Шемал йийсаре ваха лаам болуш хилар шена тосаделча, дукха дехарш дина боху БойсгIара имаме, и юьхьIаьржо ма яхьара ахь, бохуш. Амма, вайна хууш ма-хиллара, цуьнан дехарш жоп доцуш дисина.

25 шарахь, мокхазан берд хеташ, шайн дахарш ца кхоош, нохчаша ларвина, баьчча вина лелийна имам Шемал, цIийх Iийдалучохь Нохчийчоь йитина, оьрсийн йийсаре вахана. Ша кхоамза хIаллакбайтинчу кавказхойл шен дахар мехала хетта цунна.

Буьрсачу замано къизалла марсайохуш, кIежтийсарехь ца тилалуш, вайга схьакхаьчна имам Шемал йийсаре воьдуш хIоьттина сурт гинчеран тоьшаллаш. Цара чIагIдарехь, БойсгIара имамана тIаьхьа цкъа-шозза мохь тоьхна. Амма Шемал юха ца хьаьжна. Оьрсийн эпсарша хаьттина цуьнга: «Хьоьга мохь бетташ вац иза, юха хIунда ца хьожу?», – аьлла.

«Со юха хьажахь, цо суна герз тухур ду», – аьлла Шемала.

– ОйхI, – цецбевлла оьрсийн эскаран баьччанаш, – ишта а ца тохало цуьнга хьуна герз?

– Суна тIаьхьа мохь беттарг Бенойн БойсгIар ву! Цо мостагIчунна а ца тоьхна цкъа а букъа тIехьара герз…

ЦIевзина деанчу Iаьнан шело дIаялийтина, 1860-чу шеран хIутосург (май) баттахь Нохчийчохь талораш лелочу оьрсийн эскарна дуьхьал керла гIаттам дIаболийра БойсгIара.

Шен сийлахь цIе ца йожош, Делан эхарта вирзина нохчийн самайра, сийлахь воI. Нохчийчоьнан массо а маьIIехь оьрсийн эскаро хIиттийначу гIаьпнашна тIелатарш дора цуьнан бIаьхоша. И буьрса тIелатарш, цIеххьана, мостагIчунна дагахь доццучохь хуьлура. Цундела, дукха хьолахь, вайн турпалчу махкахойн толамца доьрзура. Цхьана шарахь гергга бохамийн а, эшамийн а дорцехь латтийра оьрсийн эскарш БойсгIарна тIаьхьахIиттинчу яхь йолчу кIенташа.

Оьрсийн эскаран ейтта полк яра иза схьалаца цунна тIаьхьа яьккхина. Цунах дерг дика хууш а дара вайн турпалхочунна. Амма иза ца къарлора… ТIом бечуьра ца соцура… МостагIчуьнга болчу цабезамо сапаргIат ца вуьтура. Цунна тIаьхьара оьрсийн эскар а ца долура. Массарал чIогIа чуьраваьлла хьийзаш вара Кундухов Алхасан кIант Муса.

Кундухов Муса оьрсийн эскаран полковник вара. Шен даржах воккхавеш, дукха нохчийн цIий Iенийна цо.

1861-чу шеран чиллин (февраль) беттан 17-чу дийнахь нохчийн ширачу юьртана Бенана гуо лоцу Муса коьртехь волчу бIаьхоша. Дийнахь а, буса а кхехка луьра тIом.

КхидIа, мискачу адамашкахь Iазап ца латтадайта, мостагIчунна каравоьду БойсгIар а, цуьнан тешаме накъост Солтмурд а. Йийсар бо БойсгIаран доьзал а.

Ткъа 1861-чу шеран бекарг (март) беттан 1-чу дийнахь Хасавюьртан майданахь хьалххе кечйинчу тангIалкхана тIевуьгу 67 шаре вирзина бIаьхо.

Майдане гулбеллачара «Ясин» деша доладо. Оьрсийн эпсарша мохь туху, зуламхочун когаш кIелара гIант даккха луург сехьавала олий.

Мелла а хан йолу гулъеллачу тобанна юкъара цхьа а схьа ца волуш. Эххар а, цхьа декъазниг схьаволу кхайкхийначу ахчанах Iехалой. Амма иза тIекхачале, БойсгIара, шен цхьаъ бен боцу ког тухий, дIакхуссу бухара гIант.

Иштта оьмар хеда дог майрачу бIаьхочун. Буьйсанан боданехь, нохчийн яхь йолчу кIенташа тангIалкха тIера охьавоккхий, БойсгIар лаьтте верзаво.

Аьккхийн махкахь, ГIаччалкхана гергахь дIавоьллина 160 шо хьалха, нохчийн къоман турпалхо – Бенойн БойсгIар.

ГАЗИЕВА Аза

Источник: газета "Даймохк"

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |