Вт, 16 июля, 13:32 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Общество » "Сан Даймехкан истори" къовсаман жам1аш дина Соьлжа-Г1алахь

"Сан Даймехкан истори" къовсаман жам1аш дина Соьлжа-Г1алахь

17.05.2024 12:00

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан дӀадолорца дӀакхайкхийначу Нохчийн халкъан историн а, историн хIолламийн а, архитектурин а, культурин тIаьхьалонийн а шарца а догӀуш, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна Къоман "Даймохк" газето 8-11-чуй классашкарчу дешархошлахь дӀакхайкхиначу тоьлла статьяш йазйаран "САН ДАЙМЕХКАН ИСТОРИ!" къовсаман жамӀаш дина Зорбанан цӀийнехь.

Къовсаме схьабахкийтина 50 гергга болх бара. Царах тоьлларш билгалбина леррина кхоьллинчу жюрис.

Къовсаман жюрин жамӀашца 1-ра меттиг Мескер-Эвларчу школин дешархочо Иризиева Имана а, 2-гӀа меттиг Керла-Юьртарчу школин дешархочо Хайдарханова Маккас а, 3-гӀа меттиг Соьлжа-ГӀалин лоьмар 34 йолчу школин дешархочо Гумашвили Хьавас а йаьккхина.

Толамхошна дипломаш а, мехала совгӀаташ а дӀаделира Нохчийчоьнан МинНацИнформан шуьйрачу хаамийн гӀирсийн департаментан директора Музуров Ламберта а, Къоман "Даймохк" газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара а, Шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахой кечбаран а, йухакечбаран туьшан директора Юнусов Хьамзата а.

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |