Вт, 02 марта, 05:24 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Вагапов Iаьрби: Мотт бийцар а, кIезиг лелор а, нохчийн меттан проблема хилла ца Iа

Вагапов Iаьрби: Мотт бийцар а, кIезиг лелор а, нохчийн меттан проблема хилла ца Iа

21.01.2021 09:33

Нохчийн Республикехь тIекхуьучу чкъурана ненан мотт биццабалийтархьама а, цаьрга иза Iамабайтархьама а боккха болх бу дIахьош. Дуьненчуьрчу кхидолчу къаьмнийн меттанаш санна, ЮНЕСКО организацин говзанчаша бинчу талламашца, нохчийн мотт дуьнен чохь долчу меттанашна юкъахь уггаре а кIезиг буьйцучу а, пайдаоьцучу а меттанех цхьаъ бу.

© Шамиль Мазиев /ИА "Грозный-информ"

Оцу хIоьттинчу хьолах лаьцна хаамийн «Грозный-информ» агентствона шена хетарг элира Iилманчас-лингвиста, филологин Iилманийн кандидата, Нохчийн пачхьалкхан университетан Нохчийн меттан практикуман кафедрин заведующис Вагапов Iаьрбис.

Мотт бийцар а, цунах кIезиг пайдаэцар а, цхьана нохчийн меттан проблема хилла Iаш яц. Вайна гуонахарчу а, иштта, дуьнен тIерачу а дерриге а кегийчу къаьмнийн проблема ю иза. Шайн мотт кIезиг буьйцуш долу къаьмнаш Кавказехь а ду. Дерриге дуьненахь а билгалдаьлла ду даккхийчу къаьмнийн матто, кегийчу къаьмнийн меттанаш кIелдуьтуш хилар. Оьрсийн ду-кх: «Шина гIанта хиъна Iалур вац», – олуш. Иштта гIуллакх ду вай дуьйцучу кегийчу къаьмнийн меттанашца дерг а. Къаьсттина оцу я вукху пачхьалкхехь лелаш кхин а цхьа мотт хилча, цо тIеIаткъам беш меттиг йогIу. Вайн республикехь а ду иштта хьал. Оьрсийн мотт дешарехь а, балхахь а коьртаниг бу, цундела иза коьртаниг а лору, дукхох а буьйцу.

Хьалха санна, доьзалшкахь баккхийнаш Iаш белхьара, цара кегийчаьрца алссам буьйцур бара нохчийн мотт. Дас а, нанас а хьалха шайн берашца чохь дуккха а хан йоккхура, ткъа хIинца уьш а балхахь хила безаш бу. ТIаккха хьан буьйцур бу берашца нохчийн мотт? Берийн бошмашкахь а, школашкахь а Iамош болу оьрсийн мотт буьйцу бераша арахь а, чохь а, вовшашца а. Цул сов, телевидени, телефонаш, интернетан сайташ, ерриге а аьлча санна, оьрсийн маттахь ю. Цара боккха тIеIаткъам бо кегийчарна. И вон мотт бу аьлла ца боху ас, амма шайн ненан маттаца йолу уьйр цахадор, иза вовшашца доьзалехь бийцар коьрта Iалашо хила еза, аьлла хета суна.

Хьалхалерчу заманахь хиллачуьнга хьаьжча, хIинца вайн маттаца долу хьал дикка толуш догIу. Советий Iедал долчу хенахь, вайна балхахь нохчийн мотт бийцар магош дацара. Ткъа хIинца, берриге а министерствийн а, организацийн а, учрежденийн а белхахоша ерриге а документаци оьрсийн маттахь елахь а, нохчийн мотт буьйцу мероприятешкахь. Баккъал а доккха хIума ду иза.

Нохчийн мотт вайн бусалба динца а, вайн хазачу гIиллакхашца а боьзна бу. Вайх хIора а доьзалехь нохчийн мотт буьйцуш, кегийчаьрца болх беш хилахь, замано бечу хийцамех вай кхера оьшуш дац. Со тешна ву нохчийн мотт юкъара дIабериг цахиларх. Школашкахь хьалхарчу классашкахь дуьйна, берашна дарсаш нохчийн маттахь хьоьхуш хилча кхин а дика хир дара. Меттан хьал хийцалур дара. Уггаре а атта дарсаш нохчийн маттахь хилча, масала, къинхьегаман дарс (труд), физически культура, эшаршлакхар, дикачу кхиамашка кхочур дара нохчийн мотт бийцар, бовзар. Ингалсан мотт а атта Iамалур бара. Цунна тидам тIебохуьйтуш ю Магомадов Адама язйина ингалсан мотт нохчийн маттахь Iамор довзуьйтуш йолу книга.

Хазахеташ дерш а ду. Нохчийн меттан кафедрехь доьшуш болу студенташ шайн ненан мотт баккъал безаш а, берашна иза хьеха а, цаьрга иза цIена бийцийта а Iалашо йолуш бу. Вайн мотт дIабериг цахиларан тоьшалла ду, шо-шаре даларца, студентийн дешарехь болу кхиамаш лаккхарчу тIегIане бовлуш хилар.

Европехь болчу нохчаша ненан мотт бицбийр бу аьлла ца хета суна. Коьртаниг, шаьш миччанхьа белахь а, шаьш нохчи хилар диццадар а, меттан сий дар а коьрта Iалашонаш хила еза церан.

Зулихан Ахматукаева

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |