Ср, 10 августа, 09:00 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Нохчийн лар – Дербентехь

Нохчийн лар – Дербентехь

04.07.2022 17:32

Дерриге дуьненахь а ширачу гIаланех цхьаъ йу луларчу Дагестанера Дербент. Таркхойн хIордан йистошца Iуьллуш йу иза. Iийса пайхамар дуьнен чу валале, йалх бIе шо хьалха, желтошна йевзаш хилла, цара хьехийна йу Дербент, гIалин кхин цIе хиллехь а.

© Шамиль Мазиев / "Грозный-информ"

Ширачу Желтойчохь ваьхначу географа Милетский Гекатейс шен йозанашкахь хьахийна йу иза. Гекатейн махкахочо Геродота битина цхьацца хаамаш оцу ширачу гIаланах.

Делахь а, гIажараша 438-чу шарахь йиллина ларалурш йу Дербент. И цIе а гIажараша тиллина йу цунна. Арахьара тIегIертачу мостагIашна дуьхьалонна йоьгIна гIап йу иза. ГIажарийн маттахь «Къевлина неI» бохург ду Дар бан.

Заманан йохалла, буьрсачу дарцийн къизаллехь хилла цунах –Дербент. БIешерийн кIоргенехь дуьйна лаьзгийн дай баьхначу лаьттан коьрта шахьар йу иза. Боккхачу хIорда йистехь хиларе терра, хьал долуш гIала хилла иза. Цундела гуннаша, хазараша хаддаза тIамца тIелатарш деш хилла цунна.

VII-чу бIешарахь Iаьрбийн долайаьлла Дербент. Дуьххьара Iумар паччахьа цунна урхалла дар тIедиллинарг шен тешаме накъост Iабдарахьман ибн Рабия ву. Иза, массарел хьалха, Кавказехь исламан хазалла йовзийтинарг ву.

901-чу шарахь хазараша буьрса тIелатар до Дербентана — цхьана ханна церан карайоьду гIала. Амма, 969-чу шарахь, эмир Ахьмад коьртехь волчу бIоно аракхуьссу Дербентера хазараш.

Бакъду, синтеме хан кIезиг лаьттина цигахь. ХI-чу бIешарахь сельджукаша тIелатар до Дербентана. Цаьрца дерг дIасалистина лаьзгий бовлале, 1395-чу шарахь астагIа Тимаркъа кхочу цига, тIеман цIарца, шен доза доцчу къизаллица дерриге дуьне а цецдоккхуш.

Яхь дIа ца луш, майра лета лаьзгий мостагIех. Делахь а, Тимаркъин бIо боккха хиларна эшам лан дезна церан.

ХV-чу бIешарахь дуьйна гIажарийн (Иран) когакIел хилла Дербент. Бакъду, 1668-чу шеран бекарг (март) баттахь оьрсийн талорхочо Разин Степана тIелатар до Дербентана. Дукха адам хIаллакдо цо Таркхойн хIорда тIехь лаьтта гIажарийн дерриге а хинкеманаш а дагош. Замано гойту мел воккха зуламхо велахь а, Разин Степан Дербенте ларамза кхаьчна цахилар.

1722-чу шарахь оьрсийн дуьххьарлера император Пётр Хьалхарниг кхочу Дербенте. Туркоша а, гIажараша а Дербент гIалина тIехь олалла дар къуьйсуш, хаддаза бечу тIемаша гIелбинчу лаьзгаша, хазахетарца тIелоцу Пётр Хьалхарниг, цунна дагахь ца хилла хьошалла а деш.

1722-чу шеран хьаьттан (август) беттан 5-чу дийнахь инарлаадмирал Апраксин коьртехь волчу оьрсийн эскаро туп туху Дербентехь.

1722-чу шеран хьаьттан беттан 15-чу дийнахь 21 хинкеманах лаьтта оьрсийн флотили кхочу Дербентан йистошка.

1722-чу шеран хьаьттан беттан 23-чу дийнахь Дербент гIалин имама Къулибека, шена уллехь кхин а дуккха а Iеламнах а болуш, дато догIанаш дIакховдадо оьрсийн паччахье, шайн лаамехь лаьзгий цуьнан куьйгакIел бахкар чIагIдеш.

1722-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 12-чу дийнахь оьрсийн а, гIажарийн а кехаташ тIе паччахьаша куьйгаш йаздеш, барт бо Дербент а, цунна гергахь йолу кIошташ а Россин дола йовларан хьокъехь.

Ирачу хьекъалца билгалвуьйлуш хиллачу оьрсийн паччахьа Пётр Хьалхарчо, катоьхнна, гуьржийн а, эрмалойн а каппаш хIиттайо Дербентехь, йерриге а гIала бусалба нехан карахь ца йисийта. Бакъду, оьрсийн паччахьан мекарло гена ца йолу.

1735-чу шарахь, мелла а чу садеанчу гIажарша, луьрачу тIамца, оьрсий аракхуьйсуш, кхин цкъа а шайн долайоккху Дербент. Иттаннаш шерашка дахло гIажарийн олалла. КхидIа а дахдала там бара иза. Амма сутаралло дакъазадоккху-кх муьлхха адам а, халкъ а.

Шайн латтанаш ца тоьаш, гIажарийн бIобаьчча Мухьаммад 1795-чу шеран товбецан беттан хьалхарчу деношкахь, тIом бан, эскарца Гуьржийчу воьду.

Кахети йагийначул тIаьхьа, товбецан беттан 12-чу дийнахь Тбилиси кхочу иза, къизачу тIеман сийна цIе марсайохуш.

1783-чу шарахь (Георгиевский трактат) бинчу бартаца ишттачу хьолехь Росси орцахйала декхарийлахь йара гуьржашна. ГIизларахь лаьттачу оьрсийн эскарх 13 эзар гIашсалти хьажийра гуьржашна орцах. Делахь а, эмир Мухьаммад къарвала ца туьгуш, тIемаш масех батте бахбелира.

1796-чу шеран хIутосург (май) беттан 2-чу дийнахь инарла-поручик Зубов Валериан коьртехь волчу оьрсийн эскаро гуо лецира эмира Мухьаммада имамалла дечу Дербентана. Бакъду, цхьана а агIонна йухаяла ца лууш, и буьрса тIом батте белира.

1796-чу шеран хIутосург беттан 8-чу дийнахь луьрачу тIамна йукъайелира подпоручик Чеченский Александр йукъахь волу Нижегородски дошлойн полк. Цу муьрехь вайн турпалчу махкахочун 25–26 шо бен дацара. Амма иза кхиънера луьрачу тIемашкахь кавказхойн синъондалла, нохчийн нуьцкъала амал, бIаьхаллин хьуьнар гайта. Иштта майра лийтира вайн махкахо Дербент гIала гIажарашкара схьайоккхуш кхихкинчу тIемашкахь а.

1796-чу шеран хIутосург беттан 10-чу дийнахь деэшначу гIажарша кIайн байракх айъира. Ткъа оццу беттан 13-чу дийнахь инарла-поручик Зубов Валериан, йоьзачу зурманийн мукъамашца, шен эскарца Дербент гIала кхечира.

Цуьнан эскарна йукъахь вара толаман хазахетар бIаьхошца доькъуш хилла Чеченский Александр а.

Доьналла, майралла гойтуш нохчийн лар йитина цо Дербент гIалахь. Цуьнан бIаьхаллин хьуьнарийн доккха дакъа ду Дербент гIала Россин долайаларехь. Цунах дерг вайна хаа дезаш ду.

И тайпа бакъдерш дицдан бакъо а йац вайн. Нохчийн халкъан историн а, Россица йолчу йукъаметтигийн а цхьа агIо ма йу иза.

А.АЗИЕВА

Источник: газета "Даймохк"

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |