Мир
Адам Алханов: Большой интерес для региона представляет изучение подходов Саудовской Аравии в области судмедэкспертизы
Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Инарла кхеттане а ца кхийтира Шайх Мансуран хIилланах
Инарла кхеттане а ца кхийтира Шайх Мансуран хIилланах
06.07.2022 12:30
Оьрсийн-туркойн тIеман хьаьрмахь юкъ-кара тасадаларш хуьлуш чекхделира 1788-гIа шо. Оцу тасадаларшкахь дакъалоцуш Шайх Мансуран бIаьхой а хуьлура. Ткъа цул тIаьхьарчу шарахь оцу шина пачхьалкхана юкъахь дIахьочу тIамехь соцунгIа хилара. Яккхий тIеман операцеш дIахьош яцара ала мегар ду. ДуьххьалдIа Мансур вар-кха кавказхой къийсам дIабахьаре кхойкхуш.
1790-чу шеран кхолламан (январь) баттахь гIобалхилдехьарой, коьртехь Мансур а волуш, ГIобанан аьтту агIор, оьрсий болчу дехьа бевлира. Цара диначунна дуьхьал «жоп» луш, инарла Бибиковс, 1790-чу шеран Iай, ГIобанал дехьа тIеман экспедици йира.
Эскарехь гIашсалтийн 14 батальон, доргалойн 6 эскадрон, гIалагIазкхийн ворхI полк яра – верриге а 7 600 сов бIаьхо.
Россин эскарш Кавказе даьхкинчул тIаьхьа Iаьнан муьрехь дуьххьара йина экспедици яра иза. Цу тайппана экспедици ярца инарла Бибиков сатуьйсуш вара, шен эскарца цхьаьна Альпа лаьмнел дехьаваьлла хиллачу, цIеяхханчу Ганнибалах терра гIараваларе.
Дозалла дар дезаш волу инарла оцу экспедицехь ша сатийсинчу сийлалле ца кхечира. Мелхо а, цунна кхаьчнарг эхье эшар дара, иза полковникан Пиерин эскаран эшарца бен дустийла а йоцуш.
Чиллин (февраль) беттан 10-чу дийнахь оьрсийн эскар, ГIоба хил дехьа а даьлла, мокошенхойн мехкаш долчу агIор дIадоладелира. Уьш тIедогIуш дуй хиъча, мокошенхой, ярташкара ара а бевлла, лаьмнашца дIасабаьржира.
Инарлин эскар Лаба хи тIекхаччалц царна тIаьхьа дIадахара. Цаьрга шайна тIехь къизалла ца лелаяйта, чергазаша шаьш паччахьна муьтIахь ду элира.
Цул тIаьхьа Бибиков темиргоевхой болчухьа дIавахара. Махбархоша-эрмалоша лаьмнийн ярташкахь кхачанан сурсаташ шортта ду бохуш дийцинчух а тешна, инарлас юьхьарлецира Анапина тIебоьду некъ.
Эскарш хьалхахьа дIа мел даха а, уьш лаьмнашна юккъехула гена мел девли а, меттигерчу бахархоша тIеттIа алсам а, тIеттIа чIогIа а тIелетарш дан долийра царна.
Мансуран омранца гIобахилдехьароша оьрсийн эскарна гуо лецира. Царна герзаш деттара, цхьана а сахьтехь садаIа ца дуьтуш, дIасадовла ца дуьтуш… Ламанхой хаддаза тIелетара эскаран дакъошна юкъахь йолу зIенаш хедош, некъашца кIелонаш йора, дитташ охьадетташ, некъаш дIакъовлура. Оьрсийн эскаршна шийла а, мехаш а, ло а хиларна хала дара хьалхахьа дIадаха. Цул сов, хIора а дийнахь тIемаш бан безаш а хуьлура уьш.
Бибиковн эскар Iехош, генна лаьмнашна юккъе дIадига гIертара Имаман бIаьхой. Цара хьалхахьа бечу некъаца цхьаъ, ах бIе километр хьалхара а агIонашца итт километр генара а ярташ, тIаьхьенна дитина сурсаташ, цIе тосий, дагадора оьрсийн эскаршна ца кхачийта. Скифийн дагийначу лаьттан шира тактика яра цара юкъаялош ерг.
Шайх Мансуран хIилланечу тактикина кхиъане а духе ца кхиира инарла Бибиков, иза ца кхийтира хуьлуш дерг шена чIогIа кхераме хиларх. Ягийначу ярташкахула кхузткъе итт чаккхарма дIавахара иза. Цигахь цкъа кхаллал кхачанах хIума ца карийра цунна, шена а, шен эскарна а хIинца вуно чIогIа оьшуш йолу. Цхьа а хIума ца карийра, цIе а, кIур а боцург. Цу тайппана де эшна долу эскар, 1790-чу шеран бекарг (март) беттан 15-чу дийнахь, Анапин аренна тIекхачош долчу шина чIожанна герга кхечира.
Аьрру агIор долчу чIожехула дIаволавелира инарла. Шибзахинна тIекхаьчча, цунна дуьхьал велира туркойн Мустафа-паша. Ши эзар стаг юкъахь волчу эскарна коьртехь вара иза…
Боцца тIом хилира царна юкъахь. Оьрсийн эскарша лакхенаш дIалаьцча, туркой юхабевлира. Делахь а, гIобахилдехьароша хаддаза тIелетарш дора Бибиковн эскарна. Царна куьйгалла деш Шайх Мансур вара.
Бибиков, и тIелетарш юха а детташ, Анапехьа дIагIертара. Масех де даьлча, иза Анапина юххехь йолчу Зана юьрта кхечира. Шина дийнахь цигахь садаьIначул тIаьхьа, инарла Анапехьа дIаволало.
Бекарг беттан 24-чу дийнахь, оьрсийн эскарш тIедогIуш а гина, БатIал-паша, шина эскарца, гIопа чуьра царна дуьхьал аравелира. Оьрсийн ницкъ кхечира ондда дуьхьало ян. ТIаккха БатIал-паша, гIопе юха а веана, цу чохь дIакъовлавелира.
Бибиков гIопана тIелата гIоьртира. Амма, бекарг беттан 25-чуй, 26-чуй деношкахь, ло а хьийзош, чIогIа дарц делира. Цхьана буьйсанна 150 говр елира, вуьшта а, докъар цахиларна, кхоччуш гIелъелла йолу. Берриге а бохург санна эпсарш цомгаш хилира. Оцу хьоле нисвеллачу инарлас юхаверза сацам бо. Цу тIера дIадоладелира хьуьна юккъехула, шен туп йолчу, эскарца дIаваха ваьллачу полковникна Пиерина тIехь шен хенахь Имам Мансура динарг цунна тIехь дар.
Бибиковс эскаран оццул яккхий халонаш, гIелонаш, эшамаш лан безар бу бохург цхьанна а дагахь дацара. Дейтта дийнахь некъ бича, 120 километр бен дIа ца дахаделира цуьнан эскар. Цхьана дийнахь итт километр некъ а ца балора цуьнга. ЮхадогIуш долчу эскаран цкъа кхаллал а кхачанах хIума яцара. Цу тIе, хаддаза тIелеташ ламанхой а бара. Салташа бецаш, орамаш, говрийн гIорийна жижиг дуура, мацалла ца бала…
ХIутосург (май) беттан 4-чу дийнахь бен ца кхечира инарла Бибиковн эскар, аьлча а, цунах дисина дакъа, Григориополисе. Иза дIакхаьчча, барона Розена хаам бора: «Суна гира шайн чIагIаллех бохалур боцуш хилла болу эпсарш а, салтий а дукха гIаддайна, де эшна. Цунах лаьцна дийца дешнаш а тоьар дац».
Уьш-м сатедеш долу дешнаш бен дацара хиллачуьнга хьаьжча. Бибиковс Iаьнан муьрехь тIеман экспедици яр юьхьIаьржонца дирзира. Ма-дарра аьлча, иза Шайх Мансура а, цуьнан куьйга кIелахь хиллачу ламанхоша а оьрсийн эскарна тIехь керла бIаьрла толам баккхар дара.
Эла Потемкин чIогIа догдоьхна вара эскаро бинчу некъан белхаме тIаьхье бахьанехь.
«Оцу хьакъ воцчу эпсаре, – яздора цо сийлахьчу паччахье Екатерина ШолгIачуьнга Бибиковн хьокъехь, – шена пайда бархьама, инкарло йира массо а хIуманна, адамаш хIаллакдира, царах хIора а, баккъал а, цул мехала вара. Эскаран дукхахдолчу а, тоьлла долчу а дакъойх вовшахтоьхна хиллачу корпусах хилларг хьан сийлаллина рапорташкара хаа таро ю… Цо зIенаш а хедийра, эскар а дохийра, со дан лерина хиллачунна новкъарло а йира. … Цул сов, кху махкахь иза харц-пайхамаран Шайх Мансуран Iаламаташ лорур ду».
Россин эскаран баьччанашка дечу рапорташкахь билгалдоккхура (кхеташ ма-хиллара, терахьаш дикка лахдина хир долуш ду) Бибиковн эскарна юкъахь вийнарг 233, цамгарх кхелхинарг 618, йийсар винарг 121, хи чу ваханарг 23, тIепаза вайнарг 11 бIаьхо хилар.
Паччахьан командованина и экспедици бахьанехь хилларг 52 эзар ₽ сов зен дара. Цу хенахь вуно дукха ахча ду иза.
ОьгIазъяханчу Екатерина ШолгIачо омра дира: «Инарла Бибиков суьде дIало, законийн буха тIехь цунна кхиэл яйта», – аьлла.
С.ХАСАНОВ (Пайдаэцна «Шайх Мансур» книгах)
Источник: газета "Даймохк"
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.
Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter
Поделиться:Также в разделе «НОХЧИЙН МОТТ»:
- 21.08.2023 / 09.34
- ДӀайаьхьна «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, нохчийн мотт а» аьлла йолу горга стол
- 09.08.2023 / 14.41
- «Нохчийн меттан говзанча» къовсаман II-чу муьрах 10 стаг чекхваьлла
- 27.07.2023 / 10.20
- Iамаркахо нохчийн мотт Iамо лууш ву
- 01.07.2023 / 18.32
- Мешиэхара историн а, архитектурин а комплекс меттахӀоттийна йаьлла
- 27.06.2023 / 10.16
- Мешиэхара историн а, архитектурин а комплекс меттахӀоттийна йаьлла