Вт, 23 июля, 09:36 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Нохчийн той: барамал тIехдийларш

Нохчийн той: барамал тIехдийларш

22.05.2023 09:46

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дӀадолорца вайн республикехь дуккха а беркате гӀуллакхаш кхочушдина, тахана кхочушдеш а ду. Цо йоккха терго латтайо вайн махкахь бусалба дин а, вайн халкъан гӀиллакхаш а, Ӏадаташ а лардарна а, кхиорна а тӀехь.

Нохчийн Республикин культурин министра Кадырова Ӏайшата тидаме эцна дӀахьош мехала болх бу, цхьана наха вайн тойнашкахь лелош долу нохчийн къоман гӀиллакхашца догӀуш доцу керла хӀуманаш дӀадахарехь.

Цу хьокъехь тхоьца къамел хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, йукъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директоран заместительца, Россин Исламан университетан хьехархочуьнца Аутаев Ӏелица.

– Тахана, керла доьзал кхуллуш, вайн тойнашкахь цкъа а вайн къоман Ӏадатехь хилла доцу керла хӀуманаш ду цхьана наха йукъадаха хьийзош. Цара марненан коьрта таж туьллуш а, йезаниг шуба (кетар) тӀейухуш а, пӀелгах йезаниг бриллиантан чӀуг йуллуш а хӀуманаш леладо. Далла гергахь мел кхераме ду и санна долу бохаме хӀуманаш йукъадахар?

– АлхьамдулиллахӀ, Далла хастам бу, тахана оцу тойнашкахь тӀехдолчу, ца оьшучу вуочу хӀуманех вай лардалийтархьама, вайн республикин Куьйгалхочун йоӀа, Нохчийн Республикин культурин министра Кадырова Ӏайшата терго а йина, вайн паччахьан беркатца, кхидолу вуон хӀуманаш дӀадахаре терра, вайн тойнашкахь лелош долу сов хӀуманаш дӀадохуш хилар. И Ӏаламат пайдехь а, сийлахь а хӀума ду. Царна Дела реза хуьлда! Баккъал а, бакъ а долуш, керла доьзал кхоллар а, зудайалор а, йоӀ кхечу цӀентӀе йерзар а — иза Делера доккха ниӀмат ду. Ша зуда схьайалийча, оцу хӀусамдас тӀелоцуш дерг доккха дукъ ду… Цо шена тӀелоцуш ду и кхабар, цунна чохь Ӏан меттиг латтор, цунна тӀедуха а, когадуха а латтор. И гӀуллакх кхочушдан даима къахьега дезаш ву хӀусамда. Бусалба динехь, Ӏеламнаха хьаха а дина, охьадиллина «кафаат» олуш цхьа хӀума ду. И бохург хӀун ду аьлча, таро йолчо, таро йерг йалор а, йуккъерчу барамехь аьтто болчо, шега терра, йуккъерчу барамехь аьтто берг йалор а, хьал долуш волчо а, ша санна хьал дерг йалор а ду. Иза чӀагӀдина тӀедиллина хӀума дац, амма, иштта шена хӀусамнана йалийча дика хир ду, пайда хир бу аьлла, охьадиллина ду. И хӀунда дина ду аьлча, таро йолчо таро йоцург йалийча, цхьа хӀума галдаьлча, тӀехбеттамаш бо, хьо иштта йара, со иштта вара бохуш. Нагахь зуда аьтто болуш йу аьлла йалийча а, хийла меттигаш йу цо, шен хӀусамдеца дов даьлча, тӀехтоьхна. И санна болу тӀехбеттамаш нахана йукъахь ца хилийта, важиб дина, тӀедиллина дацахь а, цхьатерра хилча гӀоле хир ду аьлла, бусалба динехь лардар дика долуш, суннатехь иштта охьадиллина а ду иза.

– Дала дуьненахь тайп-тайпана къаьмнаш кхоьллина шайн меттанаш а, амалш а йолуш. Шен къоман бусалба динца догӀуш долу хаза гӀиллакхаш Ӏад а дитина, кхечу къоман хийрачу гӀиллакхашна тӀегӀертарх лаьцна хӀун боху бусалба дино?

– ХӀора халкъан шен гӀиллакхаш а, Ӏадаташ а ду. Оцу хӀора халкъо а шайн гӀиллакхаш лардан дезаш ду, нагахь уьш бусалба динна дуьхьал дацахь. Делан къинхетамца, вайн гӀиллакхаш дерриге а бусалба динца догӀуш ду. Масала, вай махкахь доцуш долу хӀуманаш цхьана махкахь дайча, и хӀума хазлой, вайн цӀахь и дацахь а, вайга схьакхочу. Иза дика дац. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цхьана меттехь шена моьлкъа бууш гича и ца биъна, кхузахь хаттар кхолладала тарло баа ца мега и аьлла? Баа мега, делахь а, оцу меттехь цо довзийтинарг, и бусалба динна дуьхьал ца хилчахьана, хӀора халкъо а шен гӀиллакх а, Ӏадат а лардан дезаш хилар ду. Цхьана махкара кхечу махка а вахана, шен халкъан Ӏадаташ царна тӀедахка йиш йолуш а дац, йа кхечара, схьабаьхкина, шайнаш вайна тӀедахка йиш йолуш а дац. Дела реза хуьлда цунна! Тахана вайна хьалхаваьлла республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьана долуш а, дуккха а вайн динца а, къоман амалца а ца догӀуш долу хӀуманаш дӀадевлла. Масала, зуда йадор. Мел оьзда доцуш, вуон хӀума дара иза, оццул луьра Советийн Ӏедал долуш дӀадаккха делла а дацара. Ткъа тахана, Делан къинхетамца, вайна хьалхаваьллачу паччахьан беркатца, вайн махкахь дӀадаьлла иза, дӀадаларал сов, хӀинца вайн нахана ирча хӀума а хета иза.

– Муьлххачу а хӀуманна тӀехь барамал совдийлар мел кхераме ду бусалба динехь?

– Иштта вай хьахийна долу оцу тойнашкахь марнанна йеза кетар (шуба) тӀейухуш, пӀелгах беза мах болу бриллиантан чӀуг йуллуш, коьрта таж туьллуш лелош долчу сов хӀуманаша, суна схьахетарехь, ши, кхо йоӀ маре йахийттал, йа ши, кхо зуда йалайаллал харжаш йойту. Бусалба динехь исрап магийна дац. Исрап («исраф») бохург – барамал соввийлар ду. Дала Сийлахьчу Къуръанехь дукхазза а хьахийна, баккъал а, АллахӀ барамал совбуьйлуш болу нах безаш ма вац аьлла. Далла ца безачу нехан могӀарехь стаг хилар чӀогӀа кхераме ду. Дала цунах лардойла вай! АллахӀ Шен лайш безаш ву, делахь а, оцу совбийларо баккхий бохамаш бо. Делан Элчанах (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаьцна дийцар ду… Цхьа къонах ламаз оьцуш хилла боху, алсам хиш а Ӏенош. ТIаккха Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цо алссам хи Ӏенош гича, исрап ма де аьлла, бехк баьккхира боху. ТӀаккха оцу стага, цецволуш, хаьттира боху: «Ламаз оьцуш хи алссам дайъича а хуьлуш ду исрап?», — аьлла. ТӀаккха Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира боху: «Дера хуьлу-кх, хьо татолна тӀехӀоьттина лаьтташ велахь а». Нахана дика болх хилча новкъа долуш дуьйцуш дац вай хӀара. Цунах схьадолу зулам, бохам совбаьлла дела, нах декхар оьху дела, адам лардалийтаран дуьхьа дуьйцуш ду. Мел дукха масалш ду и хӀуманаш лелош болчу нахах тарбала гӀерташ, кредиташ даьхна, шайн йоӀарий маре бахийтича, йуха, шо а далале, уьш цӀабахкийтина. ТӀаккха, йоӀ марера цӀа йарал сов, дӀатакха дезаш кредит хуьлу церан. Нехан аьттонаш белахь а, цара и санна долу хӀуманаш лелийча, массеран а ца кхочу царах ца тарбала хьекъал. ТӀаккха оцу балхо нахана даккхий зенаш до.

– Цхьаболу божарий массо а хӀуманна тӀехь зударшка ладугӀуш а, цара бохург деш а хуьлу. Нийса делахь а, дацахь а, зудчо бохург деш Ӏийча, шен доьзална тӀехь долчу жоьпаллех хьалхаволий цӀийнда?

– Бусалба динехь чӀогӀа лераме, сий деш йу зуда. Уьш вайн йоӀарий, йижарий, наной бу. Амма, хӀетте а, доьзалехь да ву Ӏу, и ву оцу доьзална напха латто дезаш верг, уьш кхаба безаш верг, шен доьзалх жоп дала дезаш верг. Сийлахьчу Къуръана чохь айат ду: «АллохӀумма Роббана атийна фиддунья хьасанатан ва филь ахирати хьасанатан вакъина Ӏазаббаннар», «ХӀай Везан Дела, дуьнен чохь дика дерг ло Ахь, эхартахь а дика дерг ло Ахь, цӀарах а, Ӏазапах а хьалхадаха Ахь тхо» бохуш, боккха чулацам болуш а, деза а айат ду иза. Делахь а, цхьаболчу Ӏеламнаха цуьнан маьӀна деш, «ХӀай Везан Дела, хӀокху дуьненахь дика дерг ло Ахь тхуна» аьлча, эццехь лууш йерг дика хӀусамнана йу аьлла. И дика хӀусамнана цунна кхачахь и ша доллу дика кхаьчна боху оцу стагана. Цо дуьнен чохь а ирсе вийр ву иза, эхартахь а ирсе хир ву иза. Оццул ларам бина йу бусалба динехь зуда. Амма, хӀусамехь коьрта дош цӀийнден хила деза, цо бохучунна тӀехь хила йеза хӀусамнана. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Шух хӀора а Ӏу ву, хӀора ша деш долчу Ӏуналлах жоп дала дезаш а ву». Цо гойту стаг шен доьзалехь коьрта хилар а, шен доьзалх жоп дала дезаш хилар а. Мел ца лууш делахь а, цхьаболчу зударша шайн аьтто бацара аьлла ца Ӏаш, хьал долчарах тарбала гӀерташ а, цӀийндай шаьш бохучунна тӀеийзош а, кредиташ оьцуш, шайна ца оьшу халонаш йо. Хьоьга и ницкъ бе ца боху бусалба дино. Хьайн тароне хьаьжжина йоӀ маре йахийтинчахьана волуш ву хьо. Вай ца оьшучу хӀуманна тӀехь йохье дуьйлуш хуьлу. Хьайн боцучу ницкъаца а, йоцучу таронца а хьо йохье вийлича, цунах дика болх хир бац. Йахь дикачу а, пайдехьчу а хӀуманна тӀехь хила йезаш йу. Зудчо хӀуъа бахахь а, ша доьзална тӀехӀоттийна Ӏу вуй а хууш, шечунна тӀехь саца везаш ву стаг. И Ӏу хилар зудчуьнга дерзахь, тӀаккха, хӀума галдалар бен, цунах беркат хир дац. Цундела вай дахар дика а, хаза а хилийтархьама, оцу тӀехь вайна новкъарло йеш долу хӀуманаш дӀадаха а, совцо а дезаш ду вай.

– Далла гергахь мел кхераме ду цӀархазмана хӀуманаш лелор?

– Дера, бусалба динехь Ӏаламат кхераме ма ду цӀархазмана хӀуманаш лелор. Цхьаболчу наха и шена шегара алссам дала лууш меттиг хилча а, къайлах ца ло ша луш дерг… Нахана гайтаран дуьхьа а, тамаш байтаран дуьхьа а ло. Цо гойту уьш йоӀана, йа невцана гӀуллакх хилахьара бохуш лелаш цахилар. Церан коьрта Ӏалашо — нахана дӀагайтар хуьлу. Иза иштта ца хилча-м, нехан дегнаш а дохош, тойнашкахь и сов хӀуманаш лелор а дацара цара. Ткъа адамийн дегнаш дохор Ӏаламат кхераме ду. Масала, бусалба динехь божаршна дашон хӀума лело цамагоран дуккха а долчу бахьанашна йукъахь ду мискачу нехан дегнаш цадохадайтар. Цундела, нах цецбаха а ца деш, Дала вайга ма-бохху, Делан дуьхьа вай и хӀума леладахь, цунах хаза, беркате захало хир ду. Хьалха, йоӀарий кхечу цӀентӀе боьлхуш, ши-кхо чамда барам болуш Ӏийна ма ду вай. Ткъа тахана оцу чамданийн барам бан а бац. Шайн йоӀ йаханчохь тарло а, йа ца тарло а ца хьожуш, сихлой, сов мел дерг леладо. Йуха, дукха хан йалале, захало доха а духий, декхарийлахь буьсу. Цу тайппана, йукъараллехь муьлхха а цхьа зуламе а, бохаме а хӀума нисделча, оцу меттехь вайн Ӏедалан тӀегӀанехь а цхьа къепе дӀахӀотто йезаш хуьлу. Тахана республикин Динан урхалло урдонна билгалбаьккхина цхьа мах бу лелаш. Иза иштта хӀунда дина? Дера дина, нехан аьттонаш цхьатерра боцу дела, нахана ницкъ а, халонаш а цахилийтаран дуьхьа. Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннатехь а билгалдина зуда йахийтар а, йалор а атта де аьлла. Цундела, ша лелош дерг хӀораммо а цӀеначу, дикачу хӀуманна тӀехь, бусалба дино бохучунна тӀехь лело деза.

– Мел кхераме ду бусалба динехь вуон Ӏадат йукъадаккхар а, даржор а?

– Пайхамара (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) шен хьадисехь хьахийна ду бусалба динехь пайдехь хӀума даржийначунна, Къематде даллалц, оцу дикачу хӀуманан йал хир йу, иштта, цхьа вуон хӀума йукъадаьккхинчунна а, и вуон хӀума мел даьржа, Къематде даллалц, цуьнан къа а хир ду аьлла. Тахана вайн динехь а, гӀиллакхехь а доцу зуламе хӀума йукъа а даьккхина, хьоьгара и даржахь, цунах долу къинош и даржийнчу стагана кхочушхилча ма кхераме хӀума ду иза. Цундела, иштта долчу хӀуманех чӀогӀа лардала деза вай. Вайн республикин Динан урхалло а, Ӏеламнаха а бохург деш вай дӀадахча, вайна дика болх хир бу.

– Вайн йукъараллехь, вайн тойнашкахь санна, нислуш долу бохаме, сов хӀуманаш дӀадахарехь хӀун белхаш дӀахьо шун Департаменто?

– Вайн Департамент, шен куьйгаллехь Абдулаев Аслан волуш, массо а динан а, йукъараллин а организацешца йукъаметтиг латтош а, вайн кӀошташкахь динца долу хьал толлуш а, дуккха а пайдехь белхаш беш йу. ХӀинца вай дуьйцучу оцу зуда йалоран а, йахийтаран а гӀуллакх тӀехь а Департаментан белхахоша, даима а санна, нах кхетошкхиорехь белхаш бо. Цу хьокъехь, бусалба дино ма-бохху, нахана мегаш дерг а, доцург а довзуьйтуш, хьехамаш а бо, цу балхана леринчу мероприятешкахь дакъа а лоцу, республикин лаккхарчу дешаран заведенешкахь студенташна лекцеш йоьшу, цу кеппара, шайн ницкъ ма-кхоччу, массо а агӀор къахьоьгуш бохку Департаментан белхахой. Тахана, ойла йича, ма доккха хӀума ду вайн махкахь болх беш Муфтият а, хӀара Департамент а, иштта, Ӏилма Ӏамо Исламан университет а, институт а, хьуьжарш а, хьафизийн школаш а хилар. Мел боккха кхиам бу иза. И дерриге а хьелаш вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхоьллина ду вайн тӀекхуьуш йолу тӀаьхье ийман долуш, гӀиллакхе, оьзда, машаре кхиийтаран дуьхьа, вайн халкъан дахар даима сирла, нуьре, беркате хилийтаран дуьхьа. Цо вайн халкъана мел бина дика белхаш, багарбина вер а воцуш, дукха бу. Иштта, шен къомах доглозуш, хьалхаваьлла Куьйгалхо хилар – иза Делан боккха къинхетам бу, Дела реза хуьлда цунна! Дала диканца бекхам бойла! Дала кхидӀа а кхиамашкахь совдохуш, хӀинца санна, вайн республика кхуьуш а хазлуш а, даима бертахь, ирсе дахар хуьлитийла вайн! Дала тӀаьхье беркате йойла!

– Ӏела, хьуна Дела реза хуьлда! Дала кхидӀа а шайн балха тӀехь аьтто бойла шун!

Источник: Газета "Даймохк"

МАДАЕВ Анзор

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |