Чт, 16 мая, 02:53 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Общество » Йерригроссин «Мотт — халкъа са» конкурсехь толам баьккхина Кадырова Эсета

Йерригроссин «Мотт — халкъа са» конкурсехь толам баьккхина Кадырова Эсета

09.04.2023 11:23

Йерригроссин «Мотт — халкъан са» конкурсехь толам баьккхина Кадырова Эсета.

«Нана» цӀе йолу нохчийн маттахь байт а, цуьнца йогӀуш видеокийсак а йара цо конкурсан жюрин кхиэле йахьийтинарг.

Толамца иза декъала а йеш, совгӀат дӀадаларан болх Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин Дешаран туьшахь дӀабаьхьна.

Цигахь, толамхочунна совгӀат дӀа а луш, дакъалецира Дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис.

Цул сов, классан а, туьшан а дахарехь жигара дакъалоцуш хиларца а догӀуш, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Сийлаллин грамотица 5-чу классан дешархо Кадырова Ӏашура а билгалйаьккхина.

«Мотт — халкъан са» санна йолу конкурсаш тӀекхуьуш долу чкъор кхетош-кхиорехь Ӏаькъаме хилар билгалдаьккхина оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |